ГАУ «Издательский дом»

“Мукъамийн хьаьрмахь”

Нохчийн культура кхиорехь кхин цхьа хазахетар хилла. НР Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан Грантан чоьтах НР хьакъйолу журналистин, НР культурин хьакъйолчу белхахочун Газиева Азин “Мукъамийн хьаьрмахь” ц1е йолу рог1ера киншка араяьлла. Сумбулатов Денис иштта яздо шен дешхьалхенехь: “Гуттар а лехамехь йолчу Азин тидамза ца дисина вайн къоман синъоьздангаллица доьзнарг. Нохчийн театрах, дуьххьара сцени т1е бевллачу актерех, дуьххьара пондар лекхначу, илли аьллачу артистех, филармонин белхахойх, хоран, ансамблан декъашхойх Азас статьяш,  очеркаш язйина ца хиллехь, вайн къоман культурин историн доккха дакъа дайна хир дара. Нохчийн къоман синъоьздангаллин ц1е хилла, юьхь хилла баьхначу г1арабевллачу артистех а, иштта вайн къоначу артистех а очеркаш ю х1окху киншки т1ехь гулйина. Дала т1аьхье беркате йойла! Дела реза хуьлда Азина, вайн къомана иштта деза совг1ат дарна.

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.