ГАУ «Издательский дом»

Айдамиров Абузаран «Гулдина йозанаш» довзийтардIадаьхьира Соьлжа-ГIалахь

Хууш ма-хиллара, тIаьххьарчу хенахь, боккха тидам тIе а бахийтина, сих-сиха цхьаьнакхетарш дIахьо школашкахь, кхечу пачхьалкхан хьаьрмашкахь а нохчийн маттана, литературина, историна лерина. Къоман кхетам, иэс, адамийн дуьнене хьежамаш кхиориш, синмехаллаш тIаьхьенна йуьтурш а уьш хиларна, иштта боккха тидам цундела бахийтина царна тIе.

Оцу Iалашонца дIахьочу цхьаьнакхетаршлахь къаьсттина дош ала хьакъ ду Ельсаев Iаламада куьйгалладечу йаздархойн Союзах. Нохчийн йаздархойн исбаьхьаллин говзарш зорбанехь арайаьхна а ца Iаш, уьш йовзийтар а дIахьо Соьлжа-ГIалара А.Айдамировн цIарахчу библиотекехь. Тидамза ца йуьту нохчийн бевзачу йаздархойн юбилейш а, дикачу вовшахтохаран тIегIанехь билгал ца йохуш, церан говзарш зорбанехь ара а йохий.

Нохчийн халкъан йаздархо А.Айдамиров вина 90 шо кхачарна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира Соьлжа-ГIалахь. Май беттан 27-чу дийнахь, Абузар дIакхелхина 19 шо кхочуш, цуьнан хьурматна Мескитара музейхь цхьаьнакхийтира йаздархой, журналисташ, хьехархой, студенташ, дешархой, йуьртахой а. Цара дийцира говзарийн мехаллех, дешархойн кхетамна цара бинчу беркатечу тIеIаткъамах, Абузаран адамаллах, дикачу амалх. Билгалдаьккхира, нохчийн литературин мотт кхиорехь, къона чкъор кхетош-кхиорехь а Абузара динарг мехала гIуллакх хилар.


Нохчийн литературин исторехь цкъа а цадинарг ду НР-н йаздархойн Союзо (Председатель – I.Ельсаев) хIокху деношкахь динарг: нохчийн халкъан йаздархочун А.Айдамировн говзарийн 8 том арайаккхар. Май беттан 30-чу дийнахь А.Айдамировн цIарахчу библиотекехь дIадаьхьира бархI том йовзитарна лерина цхьаьнакхетар. БархI том йовзийтарехь дакъалецира НР-н Iедалан векалша, йаздархоша, журналисташа, культурин белхалоша, хьехархоша, студенташа, и.дI.кх. Цхьаьнакхетар дIадолош, бархI том арайоккхуш гIо-накъосталла диначу могашаллаIалашйаран министрана Д.Р.Алхановна, Мехк-Ден секретариатан Куьйгалхочун заместителна Х.Р.Кадырована а баркалла а аьлла, А.Айдамировн мидалца совгIаташ дира I.Ельсаевс. Абузаран йоIаршна – Йахийтина, Совданна, Машарна, Седина – Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Фондан цIарах ахчанца совгIат дира Х.Р.Кадыровас, Р.Алхановс а.


Цхьаьнакхетар дIахьочу I.Ельсаевс, цхьаьнакхетаран Iалашо йовзийтинчул тIаьхьа, дош делира НР-н Парламентан Председателан заместителна I.Нагаевна, йаздархошна – М.Арсанукаевна, Хь.Бурчаевна, I.Саиевна, А.Джунаидовна, журналистана, публицистана Д.Сумбулатовна и.дI.кх.


Цара шайн къамелашкахь, А.Айдамировн кхоллараллин лаккхара мах а хадош, билгалдаьккхира: «Абузаран говзарийн бархI том арайаккхар нохчийн литературехь, къоман дахарехь а боккха хилам бу. Цхьана заманахь йеша а ца магийна говзарш, школан программи йукъара дIайохуш, тахана, гулйина, арайахар мехала ду. Мехала ду тахана бехачарна, тIаьхьа тIейогIучу тIаьхьенна а. Абузара гайтина, довзийтина нохчийн дахар историн тайп-тайпанчу хьелашкахь, хиламашкахь. Довзийтина нохчийн Iер-дахар, бовзийтина къоман турпалхой, церан хьежамаш, дуккха а хаттаршна жоьпаш а луш».
Къона волуш байташ йазйеш а вара Абузар. Нохчийн халкъ, ГIум-Азин арахь 13 шо а даьккхина, цIа деанчу хьалхарчу шерашкахь НГIАССР-н радиохула хозуьйтура (кIиранах цкъа!) иллеш, эшарш а.

Царалахь цхьадолу иллеш, эшарш а Абузаран дешнаш тIехь йаьхна, лоькхуш, олуш а дара. Даймахках, иттаннаш шерашкахь халкъо лайначу халонех, доттагIаллах, безамах дара уьш. Поэзица йолу шен зIе а ца хадош, дийцарш, повесташ, романаш йазйира Абузара. Мескитара школехь директор болх беш, Абузара йазйира историн темина лерина повесташ, «Йеха буьйсанаш» роман а. Оцу романо алийтира Абузарах: «Халкъан йаздархо». Цул тIаьхьа йазйира «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц», «Ирхенаш» – романаш, «Кхолламан цхьа де», «Хийрачу стигал кIел», «Калугера йийсар» – повесташ, «Хронология истории Чечено-Ингушетии», «Вайн амалш» – белхаш, дуккха статьяш а.
Уьш а, кхийолу говзарш цхьаьна а тоьхна, «Гулдина йозанаш» – аьлла, арайаьккхина май беттан 30-чу дийнахь йовзийтина бархI том.

Д. Саидов

Орга 2. 2024

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Ost
  • Ost 1
  • Sun
  • Mega
  • Flash
  • Shorba
  • Automna 2026 +
  • Automne 2026
  • Som 5

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.