ГАУ «Издательский дом»

Юсупхаджиева Аза. Нохчийн кхерч

Нохчийн кхерч, хIусамера бахам а, массо а къаьмнашна шайниг санна, нохчашна а хилла даим а синна хьоме а, дагна гергара, сийлахь а. Цу йоккхачу къайлене со кхевдича, сайна довзаза, ца хууш а, дуккха а хIума дуйла хиира. Сан тIаккха хаттар кхолладелира: тахана суна цахуург оццул дукха хилча, кханенна вай хIун дуьтур ду-те тIаьхьенна? – аьлла. ТIаьххьарчу шерашкахь хиллачу шина тIамо вайн иэсах йоккха киртиг йаьккхина. Вайнехан дахарехь йоккха, мехала меттиг дIалаьцна хилла истангаш даран говзалла йу суна, йийцаре йан луург. Цу хьокъехь сайна хезнарг, девзинарг а шун тидаме дилла лаам бу сан.
2011-чу шарахь йолайелира со истангаш даран говзалла талла.


Цу тIехь талламаш беш, къаношка хоьттуш, йарташкарчу баккхийчу зударех дагайуьйлуш, йозанехь дерг Iамош, со болх бан йолайелча, суна йевзира вайнехан говзанчийн цIераш. Куьцехь арайаьккхинчу «Декаративно-прикладное искусство Чечено-Ингушетии» альбоман агIонаш тIехь дIайазйина йу говзанчийн цIераш. Цуьнан авторш В. А. Татаев, И. Ш. Шабаньянц а ву. (Чечено-Ингушское книжное издательство, Грозный – 1974 г) Муьлхачу йарташкара хилла говзанчаш дийцина ца Iаш, цара диначу истангийн суьрташ а ду цу тIехь. Амма суна ца карийра цу тIехь басарш дарх, уьш стенах, муха деш хилла дуьйцуш йаздинарг. 2009 шарахь зорбанера арайаьллачу Т.М. Шавлаеван «Из истории развития шерстяного промысла чеченцев в конце ХIХ начало ХХ в.» книги тIехь а ду дуккха а мехалниг. Къаьсттина мехала ду басарех йаздинарг. Вайнаха бецаш лахьорах, йакъорах, кхехкорах ду йаздинарг.

Суна чIога мехала хийтира и жайна хилар, деша хьажа а йиш йолуш. ТIамарех ду цу тIехь йаздинарг, истангийн уьш шортта хилла хилар а довзуьйтуш. Дела реза хуьлийла Тамарина, цуьнан накъосташна а, оццул мехала болх барна. Суо тIекхиънарг, зиэделларг довзийтар, тайп-тайпана басарш, истангаш даран говзалла кхио лаар, тIекхуьучу чкъурана уьш довзийта лаар йу сан Iалашо. Iаламан басарш дан хуурш хьалха заманахь дуккха хиллехь а, тахана и говзалла йевзарш кIезиг карабо. Истангаш дан хууш болу нах а дукха бац. И вайн къомана боккха иэшам бу. Шена хуург довзийта, кхечаьрга дIадала кийча берш каро башха атта а дац. Истангийн, тIамарийн а йоккха хазна йевзира суна 20I7 шарахь зорбанера арайаьллачу Х-Б. Х. Дааевн, Т. У. Эльбуздукаеван «Декаративно-прикладное искусство Чеченской Республики» жайнахь. Нохчийн къоман куз (истанг) 26-79 агIонашкахь ду (50 тайпана) цхьаъ цхьаннах тера а доцуш, т1амаршца, беснашца а.
Цу заманахь хиллачу говзанчийн цIерш вайна йисна 1974 шарахь зорбанера арайаьллачу «Декаративно-прикладное искусство Чечено-Ингушской Республики» альбом тIехь.


1) П. Лалахоева. Узор Моломестовой (из семьи Даурбековых). г. Назрань;
2) Ч. Бисултанова (1885г) – с. Шали Шалинского района;
3) И. Бисултанова (1882г) – с. Барсуки Назрановского района;
4) Н. Бисултанова (1879г) – с. Ушкалой Советского района;
5) Я. Устарханова (1888 г) – с. Шали Шалинского района;
6) Обнаружен в с. Ножай-Юрт Ножай-Юртовского района;
7) П. Устарханова (1881г);
8) А. Хутоева (1882г) – с. Шали Шалинского района
9) Р. Эсмурзиева (1920г) – г. Назрань
10) Ч. Бисултанова (1885г) – с. Шали Шалинского района;
11) К. Эльжуркаева (1889г) – г. Назрань;
12) П. Магомадова (1887г) – с. Шали Шалинского района
13) А. Хаутиева (1890г);
14) М. Бизаева – с. Шали Шалинского района
15) М. Магомадова (1884г) – Шалинский район;
16) С. Хасиева (1893г);
17) Я. Баталова (1884г) – с. Шали Шалинского района;
18) А. Сулейманова (1802г) – с. Ведено Веденского района;
19) К. Зармаева (1893г) – с. Шали Шалинского района;
20) Э. Мусаева (1887г) – с. Харачой Веденского района;
21) А. Ахматханова (1875г) – с. Ведено Веденского района;
22) Г. Джанбуриева (1908г) – с. Альтиево Назрановского района;
23) А. Зубайраева (1894г) – с. Ведено Веденского района;
24) А. Мадаева (Заимствовала у матери С. Абдурзаховой)
25) Р. Местоева (1881г) – с. Гамурзиево Назрановского района;
26) А. Албагачиева (1889г) – с. Альтиево Назрановского района;
27) А. Хутаева (1882г);


28) Н. Татаева (1880г) – с. Шали Шалинского района
29) Х.Таутиева – с. Альтиево Назрановского района;
30) А. Бехоева (1889г) – с. Ведено Веденского района;
31) Ф. Манкиева (1916г) Выполнила узор с помощью матери З. Шадиевой из села Альтиево Назрановского района;
32) С. Магомадова (1875г) – с. Шали Шалинского района;
33) Р. Кемегова (1883г) – с. Ножай-Юрт Ножай-Юртовского района;
34) Л. Арсанова (1897г) – с. Ведено Веденского района;
35) Р. Метрешкова (1889г) – г. Назрань;
36) М. Сулейманова (1883г) – Шатойский район;
37) А. Алихаджиева (1907г) – с. Шали Шалинского района;
38) Т. Даурбекова (1885г) – с. Барсуки Назрановского района;
39) Я. Юсупова (1887г) – с. Варанды Советского района;
40) Б. Албогачиева (1907г) – с. Средние Ачалуки Назрановского района;
41) М. Албогачиева (1902г) – г. Назрань;
42) Б. Шерипова (1879г) – с. Ведено Веденского района;
43) З. Аушева (1882г) – с. Альтиево Назрановского района;
44) Х. Гамурзиева – с. Гамурзиево Назрановского района;
45) У. Мусаева (1910г) – с. Шали Шалинского района;
46) Зелейхан (дочь Шадишева Шаама). Узор заимствован с ковра бабушки Шаамы, известной мастерицы 30 лет назад.
47) З. Мусаева (1889г) – с. Ведено Веденского района;
48) З. Домбаева (1891г) – с. Советское Советского района;
49) Д. Местоева (1890г) – с. Армхи Назрановского района;
50) г. Грозный Краеведческий музей


Истангех керланиг гулдеш, хаа луург баккхийчаьрга хоьттуш а, беснийн шорто хаалора. Олуш хезнера суна: «Нохчийн кхо-биъ бос бен хилла а бац». Iаламах пайдаоьцуш баьхначу вайнехан кхин беснаш ца хилла бохург шеконе дуьллура ас. И сан шеко дIайаьккхира цу хьокъехь девзинчо (йозанашкахь дуьйцуш). Басарш хьалха заманчохь дуьйна деш хилла нохчаша. Цунна со, шеко а йоцуш, тIаьхьакхиира, Эрол Йылдыр. «Чеченский истанг. Традиционное войлочное ремесло чеченского народа» – 202I шарахь арайаьлла книга йешча. Цу тIера истангийн суьрташка хьаьжча, гуш дара: ширачу заманера беснаш можа, цIеран басахь, шекъанан басахь, мокха-баьццара, мокха, сирла-мокха, сийна, сирла-сийна хилла хилар. «Нохчийн истанг кхаа, йа беа басал сов басарш (дукха къорза доцуш) цхьана истангана деш ца хилла», йаздина цу тIехь. Бакъ хила тарло и.

Iаламехь долу беснаш ца хила тарло мокха, можа, цIен, сийна, баьццара бен. Басарш даран говзалла карайирзинчара, уьш иэдеш, дуккха а керла беснаш деш хила тарло. Масала: гIундалгIийн кемсех шекъанан бос бало, цуьнан гIодах, гIанех баьццара бос бало. Шаьш буьртигаш а гIундалгIан (кемсаш – цунна тIе латийначу буьртигийн гарсах олу) гIад, гIаш а кхехкийна, даьккхина басар кхин бос болуш хуьлу. Дукха къорза вайнехан хIумма а ца хилла хиларх дерг вайна хаьа, йозанехь дерг дешча. Дийцарехь, кIеззигчу басарех хаза сурт хIоттор, говза суртдиллар, тIамар хаза йиллар, истанган барамехь (цуьнан шораллехь, дахаллехь) доггIу сурт дуьллуш, беснаш цхьаьнадогIурш харжар йоккха говзалла йу. Бецех (кхехкош) басарш дохуш, ас тидам бинарг: вайн махкара дукхахйолчу бецех, бецийн гIаддех, гIанех, ораматех, кондарех, цхьадолчу диттийн чкъурах, зезагех долу басар – мокха, лаьттан басахь, йа можа, маьлхан басахь, йа цIен, цIеран (оранжевый) басахь ду. ГIундалгIех шекъа до олуш, хезнера суна. Со жима йолуш, оха гулйора уьш. I982 шо ду суна дагадогIург. Уьш эца ЭгIиштIе вогIура цхьа стаг. Оцу хенахь суна ца хаьара, цуьнан гIодах баьццара-мокха басар доккхий, тIелатийначу буьртигех цIен а, шекъанан басахь басар долий а.


Дуьненан Iалам кхоьллинчу Дала дахар хаздан къахьега кхоьллина вай. Къинхьегамца бен дац хьанал, ирсе дахар. Цундела ду вайна массарна а тIехь тIекхуьучу чкьурана диканиг марздар, вочух уьш хербар. Кхечу къамнийн санна, вайн къоман а хилла дуккха а говзаллаш, говзанчаш а. Царах йу тIергIах истангаш, йургIанаш, гоьнаш, маша, вертанаш, куйнаш, пазаташ, каранаш до говзаллаш. Цхьана меттахь даха ца дуьтуш, дохош, даржош, дукха халонаш ловш, хене дала дезна вайн къоман. ХIетте а вайн наноша шайн кхерчахь йовхо, ков-кертахь цIано латтийна. Мукъа хан цера хилла а йац, чохь, арахь дерг деш доьзал кхиош. ХIуман сий-пусар дар коьртаниг хилла церан дахарехь. Хас, кха, беш лелош, йуург йеш а хIумма а дIакхуссуш ца хилла цара. Кхоьйн хуталех а пайдаоьцуш хилла. ТIера кхоьш схьайаьхна хуталш дIаIалашйеш хилла, зIаран керта тIехь. Уьш йакъайелча, тховкIелахь дIаIалашйеш. Царах, кхехка а йой, басар деш хилла тIейухучу хIуманна, тIаргIанна а. Истангашна басар деш хилла картолийн йарех, памдорийн кондарех а, бочабIаран беттанех, чкъоьргех, чIенигех, гIанех. Хохан чкъуьйригаш а дIакхуьссуш ца хилла. Царах а басар деш хилла. Бешарчу бецех а оьцуш хилла пайда. ЦIийна тIехьа йолучу цIена-гIодах, ниттех, динбергех, IонтIазах, тайп-тайпанчу зезагех а доккхуш хилла басар.

10 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.