Вайн мехкан Iаламан совгIатийн шортонан ма-барра мах вай хIинца а хадийна бац, и Iалам ваьшна цадовзарна. Дукха хан йац царах вайн дайша, наноша а пайдаоьцуш хилла. Вовшашца дустарца хадало дикачун, вочун а мах. Хьалхалерчу истангийн хазалла, дикалла а дуккха а лакхара йу. Бакъду, и дика, хаза истангаш музейшкахь бен дац. ТIаьхьо диначу истангийн дикалла а, басарш а къаьста бIе шо хьалха динчарах.
Дуьххьара истанг 20I2 шарахь дина ас, Соьлжа-гIалара вайн къоман музейхь истангийн суьрташ гича. Суна тIергахь тайнан эханг дан, чIагIаллина цу эхангах чилланан тай иэдан, и эханг урчакхца дан а Алабаева Сенета (сан ненананас Iамийна). Цо цу эхангах тайп-тайпана хIуманаш йора: тIергIа пазаташ, цхьа пIелг болуш, пхи пIелг болуш а куьйгех духку каранаш. Иштта цо йора пхьуьйшаш доцургаш, куйнаш, бертигаш йолу йеха пазаташ, логаххьарчориг (шарф) ТIаргIа лелош сан чIогIа самукъадолура. Уггар а хазахетарг: охьадогIучу татолан хи наштаран боги чу схьаоьцуш, тIаргIа биттар. ТIулгаш тIехь сихха бакъалора и.
Цу хенахь, 1980-чу шерашкахь, йургIанаш, гоьнаш йеш а, тIаргIа лелош а шортта нах бара. Бакъду, истанг деш ву олуш, суна хезна дацара. Хан-зама йаьлча, суна а Iамийра йургIанаш, гоьнаш а йан. Сан денанас Юсупхаджиева БатIас дора уьш, аьхка мотт-гIайба карла а боккхуш. I985 шарахь гоь йузуш гина суна сайн нанас Мархас, денанас БатIас а. Эццахь, цара гоь бакъахьайоккхуш гина, кхоллабелла сан безам цу говзалле. Сан сица ду: нохчийн мотт а, куьйгаговзалла, эхангах муьлхха а бедар йар, тIаргIа лелор, йургIанаш, гоьнаш йар, хIума тегар. ХIума тоьгуш, куйнаш деш а Курсани цIе йолуш чIогIа говза зуда йара ЭгIаштIехь (Дала гечдойла цунна). Цкъа а бер ца човхадора цо. Со и йолчу а сайн ненайишица, сайн ненаненаца а кхочура. Ас чIогIа тидам бора цо йоручу а, тоьгучу а хIуманийн. Иштта кхоллабелира сан цу говзалле безам. Бераллехь дуьйна Iеминарг, дезаделларг иэсехь дуьсу дела, сан коьрта Iалашо йара-кх: сайна мел хуург кегийрхошна довзийтар, говзалла йозане йиллар а. Цундела хета суна мехала: тIаьххьарчу хенахь НР-н культурин министерство кегийрхой кхетош-кхиоран болх жигарабаккхар. Беро хIума дика схьалоцу хан жималла йу. Цундела гайта деза царна нохчийн Iер-дахарера хазаниг. Iаламат мехала ду оцу проекташкахь берашка дакъалацийтар, церан кхетам кхиор, вайн дай муха баьхна, дахар муха хилла, чохь, ков-кертахь муха хилла, кха тIе, беша хIун дIайуьйш хилла, хIун кхиош хилла царна дийцар. Уьш ду халкъан дахар-Iеран, амалан коьртанаш. Нохчийн цIийнан, кхерчан йовхоно са паргIатдоккхура, шегахьахьа дIайоьхура со, йахье а йохуш.
Вайн дайша, наноша а бIеннаш шерашкахь оьзда латтийна цIийнан, доьзалан кхерч, цу кхерчара бертахь, хаза а дахар дуьнен дчохь дехачу халкъашна довзийта Iалашо хилла сан. Тахана аьтто бу вайн дицдинарг карладаккха а, кегийрхошлахь даржо а. Тахана сан а, со санначеран а аьтто бу и мехала гIуллакх кхочушдан, лаам хилчхьана.
Бакъду халкъана кхана оьшур дерг тахана ган а, цуьнан хадо ма-безза маххадо, кегийрхошка дIадала а говзанчаш, Iилманчаш оьшу вайна. Цкъа мацах вайн дайша лийринарг, вайга схьакховдийнарг вай лар ца дахь, вайл тIаьхьа дуьсурий-те хIумма а? Тахана муьлхха а хIума кхио таро йу вайн. Беккъа цхьа лаам оьшу вайна.
Муьлхха а хIума дIаден а, кхион а, и дIадерзо а къахьега деза. Иштта бу дахаран лехамаш, низам а. ДIайийннарг карош, дина даьлларг бен йуьстах ца долуш, хьаьдда йоьду зама. «Дахар» – дош хезча, суна дагатосург: вайн бертахь, ийманца, оьзда баьхначу дайн дахар ду. Цара эрна дIа ца эхийтина Дала шайна дуьненахь йаккха йелла хан, шаьш динарг бен шайн доцу дела. Тахана хьал-бахам болу нах а го-кх вайна, цу ширачу замане кхийдаш. ХIун ду-те иза? Церан ойла, синош дIакхойкхург цу заманчохь хилла бертахь дахар, хьанал баьккхина чоме кхача бу. Дукха ширачу заманера ду алар: «Ши куьг карахь долуш ву и хьенехан хIусамда, и хьенехан хIусамнана». Говзалла йолуш ву (йу) боху маьIна ду цуьнан.
ЭгIиштIерчу вахархочо Iумархьаийн Аюба, сайн дас, олуш хезнера суна: «Йуьртахь хьер, чарх, пхьалгIа а йацахь, и йурт йац». Говзанчаш вайн хилла хиларан тоьшалла до-кх нохчийн истангаша, кхийран пхьегIаша, кIудалша, тайп-тайпанчу кхачанаша, йийбаро…
Вайн дай-наной, хIилла а доцуш, мало а йоцуш, Далла Iибадат деш, цIена синош долуш, Iаламах, мехкан хьолах пайдаэца а хууш, хьанал-цIена бехаш хилла. Церан дахаран лорах вахча, зама теллича, вайна йевза цара лайна халонаш, къизалла, йамартло, тешнабехк, мацалла, Даймахках къастаран къахьалла. ТIаккха а ца хаьдда уьш бусалбан динах, маттах, гIиллакхех, оьздангаллах, собарх, доьналлах. Нохчалла ларйина цара, халачу, къизачу дахаро шайн долчух а къестош, шайна хуург кхио, дIадала йиш йоцуш шаьш дисарх. Делан къинхетам бу, вайн аьтто хилла сел кIезиг бисинчу къанойн беркатца дуккха а хIума тайп-тайпанчу проекташкахула йухаметтахIотто йиш хилла. Соьлжа-ГIалин оьздингаллин Департаментан куьйгалхочун Амаева Мадинин гIоьнца кхочушйеш йу «Масаллин дахар» цIе йолу проект. Дуккха а пайдениг девза кегийрхошна цу проектехула.Iалашо цхьаъ йу цу проектан: тахана кIеззиг бен цадевзарг, довш лаьттарг довзийтар, пайдениг кхиор а. Къаноша дуьйцу шайн дахарехь шаьш лайнарг, шайна дайнарг, шайна зиэделларг, зуламениг, дахарехь мегар доцург а. Суна довзийта лаьа сайна цаьргахула (баккхийнаш) девзинчух цхьадерг. Вайн наноша хIусамехь доьзална кечбеш хилла мотт-гIайба: гоьнаш, йургIанаш, гIайбеш, шаршуш, йургIийн лоччарш , гIайбийн лоччарш и. дI. кх.
Гоь тIергIан, бамбийн а, жима а, йоккха а хуьлу. ТIергIан гоь 6 кийлера 8 кийле кхаччалц болчу морсачу тIаргIица йузуш хилла. КIайн а, Iаьржа а уьстагIан тIаргIа буьллуш хилла цу чу, стомма сиз доьдучу боьзан кIадих лоччар тоьгий, 1м. шуьйра а, 2м. йеха а. Лоччар харцхьаагIор а йолуш, цу тIе цхьабосса къажбина тIаргIа охьабуьллуш хилла. И маситта дийнахь буьтуш хилла, батийта а, охьахаийта а. Цул тIаьхьа, гоь бакъахьаагIор а йоккхий, йеа маьIIехь тIаргIа нисбой, гоьнан бертиг дIатоьгу. Беха-буткъа сара хуьлуш хилла и говзалла йолчу зудчо лелош, гоь ахале цунах тухуш. Сара а тухуш, тIаргIа цхьатерра массанхьа а нисбеш хилла. ТIаккха, гоьна йистехула, цхьа ше барам а ларбеш, бухара дуьйна тIехула маха а боккхуш, цуьргех йина нуьйда тоьгуш, маха а боккхий, гоь охуш хилла. Шалхатоьхна цуьрг буха а, тIехула а лоцуш хилла. Тай ондачу чилланан, стомма а хуьлуш хилла, аьхна гоь йаста ца йалийта а, гоьнан лоччар йатIа ца йатIийта а. Цхьа ше, йа ши ше йукъ а йолуш, хIунда боккхуш хилла и маха? Дера хилла тIаргIа семса а, кIеда а хилийта! Морса тIаргIа гоьнна лелор и бахьана хилла. Морса тIаргIа йургIанна буьллуш ца хилла. Гоь, маьнгане хьаьжжина, йеш хилла. Ткъа берашна жимониг йеш хилла. Гоьнна лоччарш тоьгуш хилла, бехйелча, йитта а, хийца а. Гоь цIена лаьташ а хилла, цул сов, аьхка, къегина малх кхеттачу дийнахь, гоьнаш махе, малхе йохуш хилла, хIо кхетийта а, йата ца йатийта а. Ши шо, кхо шо массозза долу, гоьнаш йаста а йостий, тIаргIа самсабоккхуш хилла. Битта безаш белахь, тIаргIа буьттуш а, ахкарца самсабоккхуш, йуха дIатоьгуш а хилла гоь. Мотт-гIайба цIена хиларо билгалйо оьзда хIусамнана. Мардена тоьлла мотт-гIайба хьуш хилла вайнехан несо, дуьххьара децIа а йеана, марзойн цIа йухайоьдуш.
Орга №2. 2022
1xbet free promo code. Click Here:👉 https://www.aamas.org/news/1xbet_free_code_registration.html
promo code for 1xbet india. Click Here:👉 https://www.lafp.org/includes/pages/1xbet-promo-code-1xbet-bonus.html
ashwagandha side effects men
clindamycin antibiotic
Nice post. I learn something new and challenging on blogs I stumbleupon every day. Its always useful to read through content from other writers and use a little something from their websites.
I must thank you for the efforts you have put in writing this blog. I really hope to check out the same high-grade content from you later on as well. In fact, your creative writing abilities has motivated me to get my own, personal website now 😉
I was excited to uncover this web site. I want to to thank you for your time for this particularly wonderful read!! I definitely loved every little bit of it and i also have you saved to fav to see new information in your blog.
A motivating discussion is worth comment. I think that you should write more about this subject, it might not be a taboo matter but generally people do not speak about such topics. To the next! Many thanks!!
Hi! I simply want to give you a huge thumbs up for the excellent info youve got here on this post. I will be returning to your website for more soon.
writing health ebooks for profit
high paying work from home jobs for beginners
affiliate marketing for travel blogs
online jobs for stay-at-home moms