ГАУ «Издательский дом»

СУПАЕВ Руслан. Цхьаьнакхетарийн, къестарийн илли

1990-чу шарахь лахьанан беттан 23-25-чу деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIабаьхьира дерригкъоман гулам. Оцу гуламан сацамца вовшахтуьйхира Нохчийн къоман культурин фонд. Оцу фондан дуьххьарлера совгIаташ дIаделира 1991 шеран бIаьста. СовгIаташ деллачарна йуккъехь бара вайн культурехь къахьоьгу гIарабевлла йаздархой, Iилманчаш, илланчаш, актераш, суртдиллархой, спортсменаш.

Царна йукъахь вара поэт Супаев Руслан а. Супаевн «Кхолламан сизаш» (1971 шо) цIе йолчу дуьххьарлерачу гуларо шена тIе тидам бахийтира поэзи йезархойн. Цу тIехь стихаш хилла ца Iаш, поэмин дакъа а дара. Цул тIаьхьа цуьнан арайевлира гуларш: «Цхьаьнакхетарийн, къастарийн илли» (1985 шо), «Вайнехан тIулгаш» (1991шо), «Хаьржинарш» (1993 шо). Супаевн стихашкахь хаалора цунна хIара дахар шатайпанчу бIаьргашца гуш хилар. ХIор дийнахь нислучу хиламашкахь поэто лоьхура, цунна кара а дора кIорггера маьIнаш. Цуьнан говзалла йара таханлера дахар мацах цкъа хиллачу вайн дайн хиллачуьнца дустар, шираллера схьаэца дезарг билгал а доккхуш.


Нохчийн къоман дахарера уггаре маьIне дерш (символаш), дицдина дешнаш, шираллера васташ, дустарш билгалдохура Супаев Руслана шен поэзехь: лаьмнийн тIулгаш, шовданан тулгIеш, даймехкан сискаллий, хий, халкъан иллеш, пхьалгIа, пхьар. Супаев Русланан цхьа говзар йац дуьххьал дIа йаздархьама йазйина, цо даггара дуьйцура шена Iаьткъинарг, лазаме, синъайаме дерг. Супаев Руслана нохчийн поэзин йукъайалийна керла кепаш – дуккхачу а дешдекъех лаьтта могIанаш шайн барамца коьрта долчунна дактильца иэйина хорей.


ТIулга тIе, и огуш, йаздина хатI кIорга и йоза санна,
Гуттара а лийрина вайн дайша жимчохь Iамийнарг.
Супаев Русланан поэзехь хилла исбаьхьаллин кхиамаш шайн мехалла хан йаларца йовр йоцуш бу.

Цхьаьнакхетарийн, къестарийн илли

Хьан цу беснеш тӀехула и бӀаьрхиш жовхӀарех ма леда.
Стигланах цIе йуьллуш бузабегийча нур дашо Малх,
Ойланаша хьайн деган уггар а дуткъа мерзаш хьедарх,
ДоттагIа, ма йелха. Кхуьу сан дог хьан сингаттамах.

Гаьннаш тӀехь дисинчу гӀашка, уьш цкъа тӀаьххьара
ша хьаста,
Гурахь кховдийча цIе аьхкенах бисинчу махо,
Ойла йуткъайелла, хьо гӀерта деган бӀаьрхийн мукъам
къасто…
ДоттагӀа, ахь ницкъ ма бе хьайн дагна, холча а ма гIо.

Къона йу хӀинца а хьо: шен ирсан тӀам а лестош догӀу
Хьан и дахар маьлхан нуьро кхин а хийла дохдийр ду.
Хьайн месийн кӀац ца йашалуш кхечу гуьйренан де
догуш,
И де даьгна даьлча, белха а хьан ши бӀаьрг кхуьур бу.

ХӀетале хуур ду хьуна а: кху сарахь хьайн мотт лебан,
Хьан даг чу боьжнийла бакъйолчу поэзин сирла суй;
Цхьана дийнах важа де ца тардан, йуьхь тӀехь хебарш
дебон
Ницкъболчу дуьненан сийлахьниг цу суйнан серло йуй!

Жимчохь дуьйна а вай тергалбечу, царах дегнаш лозуш,
Безачийн йуьхь-сибаташца хуьлуш болчу хийцамаша
ТӀеттӀа марз ма йо вайн бӀаьргашна, цхьа бакъ иллин
мукъам локхуш,
Вовшийн дегнийн йовхо, кху дуьненахь дехаш хилар а.

Цхьаьнакхетарийн, къестарийн, варан, валаран и мукъам
Безамаша дIа ца тоьйту вайн дагалецамашца.
Йукъ йехачу бӀешеран йа бӀаьрнегӀар тухучу йукъан
Хазахетарх, сингаттамах ши суй бу кхетамашца.

ХӀор а деган шен, ша-тайпана хуьлу дахаран илли –
И-м кхаъ хилла карзахдаьллачу синан мохь-узар бай!
БIаьста зевне декна дегнаш гурахь тийна декаш хилла;
Шовкъаца синпхенаш хьедеш, дека дегнаш аьхка, Iай,

Даше боьрзуш безам кхийда шерех чекх даг
тIе даг тӀера –
Безаман цу иллин некъ вайн дегнаш чухула ма бу.
Къаьхьа ду и шира илли, хьомсарчуьнга тӀаьххьарлера
Хьажар санна; вайн дайн кхерчийн йовхонах и мерза ду!

Шена тӀехь нах баьхна йолу хан тӀаьхь-тӀаьхьа гена
йохуш,
Церан лар а йойуш дӀаоьхучу бӀешершна тӀаьхьа
Цхьа лам боьлху, важа-м боьлу, дахаро шен басе
хьоьстуш:
Шира некъ, некъ керла – илли цхьаъ… ах мерза, ах
къаьхьа!

Иллийн илли – хийцалучу дахаран аз сирла илли.
Дагца, ойланца, бӀаьрсица, лерсица и илли хезнарг,
Даг чохь гӀаргӀулех и дилхинарг, и мерза, къаьхьа
лезнарг
Декъалхилла кху дуьненахь, ваьхна лаьтта тӀехь и
хилла!

Къоьжа тIулгаш

Тоххара, хьомечу биначу ломах а болуш,
Декъаза цхьа чхар шен лаамаза Iинах бахна.
Ткъа лам, шех баьллачу чхарна дан амал доцуш,
Вонехь мотт сецначу ненах боьлхуш бу, бах, биллина.

ТIулге а ца лало чов йарна къасторо шайна,
Къежбелла бу и лам, цуьнан чхар а бу, къежбелла,
кӀайн.
Шен воIан коша тӀехь сецна изза чхар а байна,
Йоьлхучу ненан и сингаттам стенца бустур бу вай?

Безаман хIайкал

Вайн цу къоналлина, хӀетахьлерчу хьуна,
Сайна а ма сагатдо ас бӀаьста, Ӏай!
Безаман и хӀайкал – ахь цкъа делларг суна
Дукха шераш хьалха сан тӀепаза дай.

Хьан цу хӀайкалал а шераш тоьлла хьуна.
Кхечуьнца ахь доьзна дахар, ирс а хьайн.
ХIетте а ма хета, сагатдо ахь суна,
Вайн дашочу къоналлина бӀаьста, Ӏай.

Даймехкан сискаллий, хий

Хала хилла дайшна ломахь ирзош даха,
Хала хилла йалта кхио тӀулга тӀехь.
ХIетте, дезна дайшна хьацар ийна латта,
Мерза хетта царна сискал, хетта хьаха,
Ненан куьйган томмагӀ диснехь цунна тӀехь.
Вайга беркат кхочу дайшкачул а атта,
Даxapexь вай кхиъна вешан ирсана.
ХIетте, вайна доггах тахана а беза,
Лаьмнийн мокха тӀулг а, дедайх бисна,
Нанас йина сискал хица хета мерза.

Сой, аьрзуй

Ламанийн басешца тулгӀйуьйлу мажйелла бецаш,
Ламанан дукъаца лайх лепа гуьйренан малх.
ДIогарчу торха тӀехь аьрзу Iа. Со новкъахь сецна.
Цхьа ву со. Цхьа го шен маракъуьйлург а и тарх.

Сагатлуш, вовшашка тахана а оха бӀаьрг бетта,
Вовшийн дог эца хаарх, тхо гергара ду:
Цхьаъ бу тхан даймохк, тхойшинне тхайн йукъара хета
Сийна и стигал, кху ломан буц, хIор а тIулг.

Хийла а бIешо ду xlapa лам наха дӀатесна.
Кхерчийн тӀулг а бац ган. Некъан а дӀайовш йу лар…
Дайн агIо! Торха тӀехь аьрзу Ӏа. ВогӀу со сецна.
ДIавоьдуш, цунах ас тешор цкъа нах баьхна лам.

Сагатлуш, вовшашка тахана а оха бӀаьрг бетта,
Ас уьйъу плашан кач, цуьнан мас хьейо махо,
Де доьхча, цхьа висча, вовшашна тхаьш оьшуш хетта,
Вовшийн дог эца цахаарх, ду гергара тхо.

Узамаш

Къонахчо цхьа хала киртиг тӀехӀоьттича шена,
Къасто шен дезча ша валарх йа висарх цхьаъ,
ТIулгаха чӀагӀдалар шен даге узамца дехна,
Узамца сецна и ша ловчохь къаьхьа кхаъ.

Къонахчо цхьа хала киртиг тӀехӀоьттича шена,
Дог дилла дезча догдилла ца луъучух,
Доьлхучу шен дагна синтем а узамца лехна,
Узамца хьехий шен каш тIе даьндолу къух.

Узамаш – вайнехан синойн, поэзин а лакхе,
Узамаш – къонахийн бӀешерийн узарш ду.
Къонахчо узам бо вон деъча виначу махке,
Узам бо, ца ваьлла, ша тосуш лаьмнийн дукъ.

ЦIетухо мокхазан цу тӀулгах сирла суй боккху,
Къонахчун дагах узам боккху гӀайгӀано.
Къонахчун деган кӀедалла йу йист йоцуш йоккха,
Оьшшучохь цуьнан дог, тӀулг санна, чӀагӀ а ло.

Узам – и шарцалун хебарш, къоьжалла вайн
нанойн,
Узам – и къийсамна баттара даьккхина герз.
Узам бар къонаха воцчуьнгахь тац, олу наха,
Узам бан дог дацахь, хьа ма бе пондаран мерз.

8 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.