ГАУ «Издательский дом»

БАТАЕВА Хеда. Йовза кIорнийн цIераш

«ГIалх» деш, ловзу жIаьлин кIеза,

Бай тIехь дежа аттан эса.

Бабас олу цунах дуьхьиг.

Харцхьалела газан буьхьиг.

КIорнеш йузо доьду хьоза,

УьстагIашца Iахар ловзу.

Виран бекъал йу ша лекха,

Уьдуш, терса говран бекъа.

Пхьидан могли йека Iомахь,

Берзан кIеза угIу ломахь,

Нана ча йу туотал ловзош.

Цу дийнатийн цIераш йовза!

Стела1ад №2. 2022

9 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.