(Поэма)
Хьалхалерчу гIалех йисна
Сатийсамийн анайисташ
ЙогIу, хуьлий мерза гIан.
Хьалха санна, воьху цара
Хиш уьдучу сенчу ара
Ца дулучу цкъа а Iа!
Кху дуьненан исбаьхьалла,
Дала йелла и хазалла,
И Iуьйренаш, суьйренаш –
Уьш кехат тIехь сацо гIерташ,
Сатассалца луьттуш дешнаш,
Йехи гIалахь буьйсанаш.
Сатасарца сецаш догIа,
ДIанисбелча дешнийн могIа,
Хьан ойланций, лаамций,
Хазахетар декъа цаьрца –
Поэзин урд охучаьрца, –
Воьду болчу доттагIий.
Сатасарца дIатоь гIала,
Цхьа а ца го ваьлла ара,
Дерриг хета синтеме.
Майда, некъаш цIандеш сиха,
ДIахьош Iаьржа ойла хица,
Машен йолу ураме.
ХIетахьлера гуьйре йогIу,
Можа цIарца бешахь йогуш,
Махехь хьийзаш, дужу гIа.
ЙоьIан амат – гIаш эгарехь,
Хьажар – ирсах хьегаре, –
ДIадов, хуьлий IиндагIа.
ГIашъэгарехь цхьа «шах-шахаш»,
Йа ду-те уьш йоьIан шабарш,
Безам буьйцуш гуьйрене.
Сатийсамаш, кхочушхила
БоьгIна боцу, дохк а хилла,
Даг чохь гулло уьйриге.
Урамашка уьйриг керча,
ГIашлахь йолчун лерех хьерчаш,
ТIаьхьаоьху аматна.
И ца карош боьрзу йуха,
Сатийсамийн хеди чуха,
ДIадов амат даимна.
ТIаккха денош девлча жимма,
ГIашна метта хьийза чимаш,
И лайн чимаш, чимаш кIайн.
Iа хиларх а ойла денло,
Даг чохь хилча безам-серло,
Хуьлу иза чимал йайн.
Iаьнах туьйра деш цхьаъ йогIу,
Гуьйренан бос месех богу,
Дахар до цо самукъне…
Шиннан лараш, дуьллуш тача,
Йоьлху анайисте кхача,
Ойла йоккхуш мукъаме.
ГIайгIа йолу йодий къайла, –
Йогу алу шелчу лайлахь,
Шелчу лайлахь кхуллуш ирс.
Дог аьхкина синхьийзамаш,
Сингаттамаш, сатийсамаш –
ХIинццалц хилларш кхин ца хир.
Оставить комментарий