ГАУ «Издательский дом»

Сумбулатов Дени. Дицделларг дагадаийта…

Дицделларг дагадаийта…

Нохчийн дуьххьарлера абат (букварь) араяьлла I862-чу шарахь Тифлисехь. «Нохчийн джуз ду хIара» дара цуьнан мужалт тIе яздина. Иза хIоттийнарг вара Досин Къеда. I866-чу шарахь зорбатоьхна Бартоломейс хIоттийна нохчийн абат.


ХХ-чу бIешеран юьххьехь араяьлла Эльдарханов Таьштамара хIоттийна нохчийн абат. Кириллицин бух тIехь долчу элпех пайдаоьцуш хIиттийнера и абаташ.
Iаьрбийн элпашца хIоттийна яра I920-чу шарахь араяьлла Тучаев Ахьмин, Эльдарханов Таьштамаран а абат.
Латиницин а, цул тIаьхьа кириллицин а бух тIехь хIиттийна яра Сальмурзаев Мохьмадан, Мациев Ахьмадан, Тазуев Шарипан I927-I940-чуй шерашкахь арайийлина абаташ.
ХIокху тIаьххьарлерчу ткъе иттех шарахь школехь шех пайдаоьцуш ю Солтаханов Эльбекан абат.


Нохчийн литературехь дуьххьарлера поэмаш ю: М.Мамакаевн «ЦIий хуьйдина лаьмнаш», С. Бадуевн «Партизан», «Тоьур ду», А. Нажаевн «ЖаIу»


Литературин альманах дуьххьара арадаьлла лору Францехь I764-чу шарахь. Дуьххьарлера оьрсийн литературин альманах арадаьлла I77I-чу шарахь Петербургехь «Российский Парнас» цIе а йолуш. Нохчийн литературин сборникаш (альманах, журнал) арайийлина I932-чу шарахь – «Латта», I933-чу шарахь «Итт бIаьсте», I934-чу шарахь – «Кхиам», кхиерш а.
Нохчийн Республикин яздархойн Союзо I958 – I991-чу шерашкахь арахоьцуш дара литературно-исбаьхьаллин, юкъараллин-политически альманах «Орга» (хIинца «Орга» журнал).


Дуьненахь дуьххьарлера антологи лоруш ю герггарчу хьесапехь 2I00 шо хьалха ваьхначу грекийн поэто Мелеагра хIоттийна йолу «Греческая антология».
Оьрсийн поэзехь дуьххьара I839-чу шарахь араяьлла «Розовый букет, составленный из лучших цветов русской поэзии» цIе йолу антологи. Нохчийн поэзин масех антологи араяьлла. Мехала яра I959-чу шарахь Москвахь зорбатоьхна, М. Мамакаевс, Н. Асановс хIоттийна «Поэзия Чечено-ингушетии» антологи. ТIаьххьара араяьллачарах ю (2003 шо) Канташа (Л. Ибрагимов) хIоттийна нохчийн поэзин антологи.
2003-чу шарахь Пятигорскехь арахецна 5 томехь кечъеш йолчу «Антология литературы народов Северного Кавказа» антологин хьалхара том. Цу тIехь нохчийн поэтийн произведенеш ю.


174 комментария

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.