14 июнехь 65 шо кхечи журналист, яздархо, нохчийн меттан говзанча, 1аламат дика стаг СУМБУЛАТОВ ДЕНИ дуьненчу ваьлла. Нохчийн къоман журналистика, ненан мотт кхиорна, марзбарна, баржорна д1аделла ду цуьнан дерриге дахар. Сирла ойланаш, ц1ена дог-ойла, ира хьекъал, к1орггера хаарш, лаккхара 1илма долуш говза журналист, яздархо ву Сумбулатов Дени. Адамаллех юьззина ю цуьнан башха амал, къамел к1еда-мерза ду. Цундела массарна дукхувеза иза, цуьнца гергарло хилар доккха дозалла хета. Дени, Аллах1-Дала беркате дойла хьан шераш! Хьайн кхолларплин кхиамашкахь Дала соввохийла хьо! Кхин цкъа а бевза-безачийн вуо ма гойла хьуна! Нохчийн къоман журналистикин мах боцу беркат ду хьо! Тхан боккха ларам бу хьоьца!

Оставить комментарий