ГАУ «Издательский дом»

ПУШКИН Александр. Евгений Онегин

Роман байташкахь

Pétri de vanité il avait encore plus de
cette espèce d’orgueil qui fait avouer
aves la même indifférence les bonnes
comme les mauvaises actions, suite
d’un sentiment de supériorité, peut-
être imaginaire.

Tiré d’une lettre particulière1

Дог доцуш 1ехо кура гуо нехан,
Доттаг1ийн терго езна а, хьуна,
Со воллу г1уллакх довзийта меха,
Дерг ч1ог1а деза, герга а суна.
Герга дерг, дицдеш исбаьхьа са а,
Ткъа кхочуш хилла сатийсам-хьулам,
Байталла2, дийна, са ц1ена башха, –
Ойланийн лакхе, атталлин гулам;
Ткъа дерг т1елаций,
б1аьрг тохий говза,
Беламе цкъаццкъа,
г1айг1ане цкъаццкъа
Къорза мор коьртийн шу беша хьовса,
Лоха берг цхьацца, лекха берг цхьацца,
Забаре стом берг ловзарийн дай сан,
Ткъа набазаллийн, синг1аттамийн3,
Хьекъало шийла диначу иэсан,
Иддачу шерийн син1аткъамийн,
Ткъа дагна, лазош, биначу монан,
[ Кхолламо йоккхуш г1улч еза вонан4].

Хьалхара корта

Вахарна ву чехка,
хаарна и кхехка.

Эл. Ваьземский

I

«Тхан ваши, дерриг низамца дийриг,
Цамгарна мацца к1елвисча и,
Х1оьттира кхайкха шеца чохь 1ийриг,
Цул ч1ог1а та1зар дан доцуш кхи.
Ткъа цуьнан масал бу шуна барам;
Ва, веза Дела, ма бала-ларам,
Цомгашниг ларвеш, дезар ладег1а,
Виллина хилла лай цуьнан дег1ан!
Вайн гуьнахь х1ума цахилар иза –
Ах са чохь 1уьллург
хьестар болх къиза,
Юкъ-кара нисба мотт-г1айба цуьнан,
Ткъа молха мало, дакъо хьаж т1уьна,
Са доккхуш доккха, ша-а шега баха,
Шех бала бина, цхьа-а да ма ваха!»

II

Цу дагахь – и жимха тиэхка,
Поштанца схьавог1уш чехка,
Лаамца везачу Зевсан
Висинарг д1акхехьа ден ц1а.
Луьдмилин, Русланан хьеший!
Бакъо луо вовзийта шайна,
Кхи лергах ца дохуш мехий,
Турпалхо романан тайна:
Онегин, ца вевза минех,
Невана ма вина уллехь,
Хьо цигахь виний-те, хьенех,
Я лелла, б1аьрг бетташ, юххехь?
Цкъа мацца со ихи цига,
Ткъа невре5 яц суна дика.

III

Iедалан болх оьзда бина,
Цуьнан дас лург вахар къастий,
Шарахь кхузза той6 деш гина,
Эххар бахам цо шен ластий.
Кхолламо Евгений ларви:
Цкъа 1у цуьнан Madame 1ийра,
Т1аккха ха дан Monsieur карви.
Бер ловзарна дара т1ера.
Миска франсо l’Abbé, гора!
Цо ма бора ларам беран:
Iамадора, лардеш г1ора,
Хьехамаш ца бора дера,
Дов а цунна лорий дора;
Уьш Аьхкенан беша г1уора.

IV

Ткъа хан кхаьчча вала новкъа,
Къоналла т1ееъна аьрха, –
Мур г1айг1ане, сирла, ховха,
Monsieur вити, шуна, маьрша.
Х1инца ву Онегин шена;
Лергина г1иллакхехь хенан,
Dandy7 санна ша-а кечвелла,
Схьаго дуьне деладелла.
Франсойн мотт цо буьйцу шера,
Язъярна цу маттахь – къера;
Цо мазуралг8 хелхар до,
Корта саттош, б1аьца йо;
Кхи х1ун оьшу? Наха, тешна,
Стаг и лери хьоме, дешна.

V

Вай массара, бац и хьастам,
Iилма 1амош, дийши мацца,
Ткъа хаарна, Далла – хастам,
Ду вайн дало масал цхьацца.
Ткъа Онегин – даре нехан
(Къмел цкъа-а ца дечу деха)
Вара меллаъ 1илманча,
Дашна говза х1илланча:
Шен къамелехь, тосуш тай,
Цо хьадора дерриг дай,
Гойтуш 1илма хилар шегахь,
Хууш 1ан таппъаьлла, эшахь,
Ткъа мехкарий белаба,
Байташ язъеш эсала.

VI

Буо бу мотт латинхойн шира:
Ткъа дерг дийцича вай баккъал,
Цунна хаар и мотт ира,
Эпиграфийн маь1на даллал,
Ювенал цхьа атта вийццал,
Кехат дерзош vale9 диллал,
Энеидан ешшал ехха
Ши байт, таслуш наггахь г1еххьа.
Дацар цуьнан дог а, хан
Кего марг1алин10 и чан –
Шира дийцарш, кхи берш т1ера,
Дара цунна генахь, хийра;
Ткъа забарш, Ромулах схьа,
Цо ма йора атта цхьа.

VII

Цунна, шовкъ а йоцуш шеца
Дахар аьзнашна д1ахеца,
Ямб а, хорей яра цхьаъ,
Дацара зов церан кхаъ.
Ларац Гомер, Феокрит,
Ткъа воьшура Адам Смит,
Волуш воккха т1аламхо11,
Долчу хьолан ахкамхо12, –
Пачхьалкх сте йо пачхьалкх, хьуна,
Стенна еха, стенна цунна
Эшац цкъа-а а деши, ала,
Иштта сурсат13 делахь дала.
И дас кхета ма ца вора,
Латта ваттана14 цо лора.

VIII

Дерриг хуург Евгенийна
Со ца х1утту дийца, хьуна
Цхьаъ ду аса кхоччуш зийна,
Коьрта 1илма дериг цунна,
Iилма, хуург цунна дика,
И г1иртинарг ма-дду тига,
Денна 1амош, йоцуш хало,
Йоцуш цкъа-а а шеца мало, –
Iилма зеран некъаш ховха
Назона йийцинчу шовкъан,
И бахьанехь, бала лайна,
Ша-а шен зама, аьрха, тайна,
Кхачийнарг Молдавехь бенахь,
Тесна шен Итали генахь.


Х

Шалхаллах т1ех кхии иза,
Лаам хьулба, г1ийрат15 къиза,
Шега верзо, къарва атта,
Кхулу кеп ян, холча латта,
Кура хила, хила т1ера,
Тидаме я башха хийра,
Цкъа цхьа зовре, тийна, 1ан,
Цкъа, ша-а кхехкаш, къамел дан!
Безам балхош, хила гена,
Ткъа цхьаъ дезна, вогуш цхьаьнца,
Хууш вицва ша-а а шена!
Маса б1аьрца, аьхна б1аьрца,
Эхье, аьрха, ткъа гуш цкъаццкъа
Б1аьрхи лепош дола дарца!

ХI

И кхи хила г1ертар гарца,
Х1итто сурт ца кхета, тов,
Хьожуш кхеро б1арзваларца,
Хеставарца к1адва сов,
Качваларан минот лаца,
Къоналлин эс аьшнашда,
Хьекъал, шовкъ а х1иттош яца,
Везар деза, доцург къа,
До1а, дов деш, биэха ларам,
Бовза хууш деган хам,
Безам лаха, боцуш барам,
Мацца баккха цуьнан чам…
Т1аьхьа, ехна ирахь латта,
Тийналлехь барт цхьаьнга хатта!

ХII

Хьалха 1емира и хьаба
И йозанан мехкарий!
Шена х1илланца т1ек1аба
Шен къовсархой-вежарий,
Амма т1аьхьа дашца баго,
Лахба уьш нисбелча аг1о!
Шун майранаш, шеко йоцурш,
Цуьнца дара юкъ-уьйр йолуш:
Майра, х1илланах ша-а кхетарг,
Верг Фобласан дешархо,
Къано, массо ямарт хетарг,
Кур шен боккха сеттархо,
Реза верг даимна шена,
Шен эмана16, шен делкъена.

ХIII

ХIV

ХV

Цунна, набарх воллушехь,
Дохьур хьоькхнаш17 шуьна т1ехь:
Гулам – цаьргахь, гулам – кхаьргахь,
Кхо синкъерам ма бу гергахь –
Кхузахь – той, ткъа цигахь – ц1ай18.
Стенга вахар г1оли, х1ай!
Массанхьа а – къамел дац –
Массо метте кхочур вац.
Х1инца т1ехь – 1уьйренан х1ума,
Коьртахь – шуьйра боливар19,
И булваре воьду, шуна,
Цигахь, некъ беш, дан цхьа 1ар,
Тоххалц сема бергет20 цкъа,
И д1акхойкхуш делкъе ян.

ХVI

Арахь 1аьржа: салаз кийча.
Мохь ма болу: «Лалла, же!»
Воьду иза, буьллуш хьийза
Дато цу шен коча т1е.
Talon волчу – иза, хууш
Бухахь вуй Каверин дууш.
И чувели, ткъа т1ус – ирха,
Т1айра чаг1аран ду сиха;
Хьалха – roast-beef, ц1ий шех доьлла,
Ял къоналлин – труьфлеш юххехь –
Франсойн кухнин кхача тоьлла,
Далл Страсбурган энаюккъехь,
Гуш Ламбурган нехча сехьа,
Дашо ананас а дехьа.

ХVII

Хьогалло кад буьзна хьоьху,
Яйа мохь котлетийн йовха,
Амма бергет бека ховха, –
Керла балет ган цо воьху.
Театрана вуно т1ера,
Безарг и аьктрисаш дукха,
Верг лаамза царна хийра,
Верг кулисийн хьаша мукъа,
Онегин театре ведда,
Цигахь х1орра ма ву маьрша,
Лахъя entrechat21 а аьрха,
Къоръя Клеопатра, Федра,
Ткъа Моина, тоьхна мохь,
Кхайкха, гойтуш ша-а вуй чохь.

ХVIII

Башха меттиг! Цигахь хьалха,
Верг сатирин ша-а да цхьалха,
Маьрша стаг Фонвизин лаьтти,
Дерг схьалоцург Кнаьжнин г1аьтти;
Цигахь Озеровс ма дийкъи
Халкъан б1аьрхиш, цуьнан ловца
Къоначу Семоьноваца;
Ткъа Катенинс, дендеш, дийци
Цу Корнелин пох1ма сийлахь;
Цигахь Шаховской а ира,
Шен комедеш х1иттош, гира,
Дидло г1аравели цигахь,
Цигахь бухахь кулисийн
Къона денош сан диси.

ХIХ

Сан х1урла1аш! Шу ду стенгахь?
Аз сан хаза, делахь гергахь:
Шу дерш дуй-те? Аш дерг дийца.
Я шу хийци, ца луш хийца?
Хьоьстур дуй-те аш лерг сан?
Оьрсийн Терпсихорин са,
Т1ема даьлла, гур дац-техьа?
Я б1аьргашна сурт гур къе цхьа:
Бевзарш боцуш, исцен – г1ийла,
Iехавелла, лорнет шийла
Хьежош мела нахе аса,
Доцуш цаьрца цхьа-а а хьа-са,
Висна синош даха сайн,
Дагалоьцуш зама вайн?

ХХ

Театр юьзна; ложеш къега;
Гуш партер, хоийлаш кхехка,
Ткъа д1о лакхахь т1араш сега,
Хьала дахна, пардо техка.
Т1ера лепаш, ах цу х1онан,
Лай башхачу 1одан ша-а,
Юккъехь йолуш нимфийн гонан,
Истомина лаьтта цхьа-а;
Цхьа ког – ц1енкъахь, г1орто 1ема,
Цхьа ког г1ийла хьийзабо,
Эццахь – ирха, йолу т1ема –
До Эолас идадо;
Юкъ т1екхета, къаьста т1етт1а,
Маса ког цо когах биэтта.

ХХI

Куьйгийн г1ар. Онегин чу,
И хоийлех, когех чекх,
Шалха лорнет – тухуш ву
Б1аьрг хазачу эманех;
Толлу ерриг ярусаш22,
Толлу яххьаш, ткъа духарш,
Схьагург ч1ог1а ца товш го,
Цо божаршка салам ло,
Т1аккха воьрзу исцене,
Цуьнга хьожу сакх, терге,
Ткъа, букъ тухуш, доккху са,
Олуш: «Лаам хийца сан
Массо. Т1ех балеташ гина,
И Дидло а к1ордавина».

ХХII

И амураш, шайт1анаш…
Г1овг1а еш ду исценехь;
И к1адбелла лайш бу 1аш,
Набарш еш шайн кетарш т1ехь;
Ткъа театрехь биэтта когаш,
Йиэтта шакарш, т1араш, йовхарш;
Арахь, чохь а – массо меттехь
Стогарш догу, сирла летта;
Хебна говраш егало,
К1ордадина бухкарш шайн,
Кучерш23 ц1ераш ягош го,
Шайлахь балхош хьоладай,
Ткъа Онегин ц1ехьа юха,
Шена т1е кхи духар духа.

ХХIII

Дилла хала сурт ду иза –
Кабинетан нацкъарчу,
Цу чохь модин и лай къиза
Йоьхна, йоцуш, йоьхна ву.
Дагая мел тарлург тайна,
Ч1ич1 Лондоно юхкург вайна,
Балтийца схьакхуьйлуш сехьа,
Хьун а, дум д1акхуьйлуш дехьа,
Ткъа Парижо – чам – т1ех меца –
Йийриг механа ша-а еза,
Йийриг ловзаршна ша-а яйа,
Бахам стамба, мода айа, –
И ерриг чохь йолуш баьрччехь –
Философ, берх1итта кхаьчча.

ХХIV

Ч1иж24 т1ехь луьллеш, айа хала,
Шуьна т1ехь ду йоьза, мармар,
Аьгна балур25 дуьзна хьала –
Хьал кочачу нехан – 1ат1ар;
Яхкаш, кевнаш андан тайна,
Тукарш гома, тукарш нийса,
Карсалгаш26 цхьа ткъе итт тайпа,
Ма1арш, цергаш ц1анъеш, тийса.
Руссо, ала, дукха хаарш –
Довхо. Ца кхийтира и-м,
Вахьарх х1отта веза Грим
Шена хьалха къаго ма1арш.
Iу – маршонан, бакъонийн,
Кхузахь, бакъ а воцуш, лий.

ХХV

Хьакъ стаг хила тарло иза,
Ма1арш куьцехь кхобург шен:
Ламаст ду вайн баьчча къиза, –
Хила дог1ург, наггахь – зе.
Евгений – Чадаев шолг1а –
Нехан арз цадезарг ч1ог1а,
Педант27 вара духарца,
Нукурсак-франт бухца схьа.
Цо дойура кхо сахьт т1ех а,
Куьзганашна хьалха тийна,
Кечволийлехь28 воллий вехха,
Кхочур – ша-а Венера дийна! –
Х1урла1 – духар божарийн –
Маскараде сиха и.

ХХVI

Цу духаран кхаъ-кепехь,
Шун б1аьрг хьогург, гича т1ехь,
Барзакъ цуьнан йиш – сан дийца,
Пхьор луш 1илманчашна къийса;
И хир дара майра хьехар,
Ткъа дерг дийца ву со декхар:
Панталонаш, фрак, жилет а…
Оьрсийн дешнаш уьш ма дац-кха;
Со ву къера, дерг го суна,
Сан з1еналг29, ерг беркъа, хьуна,
Къорза гур ма яцар дукха,
Нехан дешнаш деъна юкъа…
Хийла, хийла аса кегий
Вайн дешналг1а30 академин.

ХХVII

Х1инца кхи ду дагахь вайна:
Г1ур ду вай той даа тайна,
Цига, ямхойн31 г1удалкх эцна,
Сан Онегин ваха, хецна.
Схьагуш ц1енош, чиркх ца богу,
Ткъа урамаш, наб а йог1у,
Шалха стогарш каретийн,
Сирла летта, вовшех ий,
Лай т1ехь ловзош сизалгаш32;
Къуьданашлахь берриг гуо,
Лепа башха цхьа ц1ено,
Корехь лиэла 1индаг1аш,
Уьду кортош хьенехийн –
Нукурсакийн, эманийн.

ХХVIII

Учех вели турпал вайн,
Шипцарна т1ехтили и,
Мармарх ламех вели вай,
Месаш хьала цо хьаькхи,
Ткъа и – зале. Цигахь – адам;
Мукъам х1оьттина бан къадам;
Нах мазуралг тайна бу;
Гонд1а г1овг1а, гатте ю;
Эткийн цхьамзалгаш ма ека;
Когаш эманийн ма уьду,
Уьш гуш, б1аьргаш, летта, къега, –
Когийн д1а-схьа цара туьду,
Iад-пондарийн белхам беза –
Шек зударийн лер ца хеза.

ХХIХ

Ткъа со волуш къона, аьрха,
Ловзар дара совг1ат суна:
Меттиг ма яц цул а маьрша,
Дийца дог я язъя, хьуна.
Х1ей, шу, сийлахь майранаш!
Сан хьехам д1алаца аш;
Оьшу маь1на цуьнан диэ,
Шу шайн лергаш дуйлий 1е.
Х1ей, шу, наной, хиларш мела,
Мехкарий ма бита шайна,
Нийса кхаба лорнет тайна!
Вуьшта…вуьшта, гуш ву Дела!
Атта ду-кха суна дийца:
Ох1ла вац йо1 ядо х1инца.

ХХХ

Сакъераршна, волуш мукъа,
Аса хан ма яйи дукха!
Нах дерг дита хилча хууш,
Со гур вара ловзарш дууш.
Жималла тов суна аьрха,
Гатте, лепар, делар маьрша,
Эманийн и духар тайна;
Церан когаш; амма вайна
Генахь каро Россехь и –
Куьцехь ялх ког эманийн.
Эх1! Цхьа ши ког соьца хийла
Бехи… Х1инца, ваьгна, г1ийла,
Суна уьш го, и ши ког
Г1енах бу сан к1амдеш дог.

ХХХI

Маца, стенгахь г1амарш лийса,
Тилларг, буьтур бу ахь уьш?
Когаш, когаш! Стенгахь х1инца
Шу ду аьхна зазаш хьуьйш?
Малхбалехь бодделла меда,
Къилбаседехь лай т1ехь к1ай
Аш ца йити лараш шайн:
Диэза шуна кузаш к1еда,
Церан башха, деза хьастар.
Ас шун доьхьа дукха дай цхьа,
Хьогах, дити ловца, хастар,
Сайна вахар, хьоме дайста33.
Къона, ирсе шераш, х1ай,
Бай т1ехь, шун лар санна, дай.

ХХХII

Васт Дианин, беснеш Флорин
Уьш исбаьхьа, шуна, ю!
Ткъа ког суна Терпсихорин
Царел ч1ог1а хьоме бу.
Цо, б1аьргашна там берг хьоьхуш,
Дага царна ницкъ ма ло,
Кеп-хазалла маьрша оьхьуш,
Лаамийн вай г1иттадо.
Биэза ког, Элвина, суна
Шуьнехь к1ел шаршуна, хьуна,
Б1аьста хьоьшуш бай а сийна,
Iай товхана уллехь тийна,
Ловзуш куьзган ц1енкъа юккъехь,
Чхаррин боьххьехь х1орда юххехь.

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.