ГАУ «Издательский дом»

Цхьана могIанехь…

(Мамакаев Эдуардан 85 шо кхачарна лерина)

Эссе

Дерриш а адамаш цхьатера хилча, Iен-ваха ма хала хир дар-кх, гуттар а гуш цхьа сурт а долуш – эз-эзарчу нехан цхьа йуьхь, цхьа амал, Iовдалалла а цхьаъ.
Адамна хало ган йеза, аттоне сатаса, йуха цуьнга кхача, хазалла ган.
Хазалла хьан-хьанна а ца го:

Я могу умереть от горя,
Когда ты идёшь стороною…

бохучу Хименесан дешнех кхеташ кIезиг синош ду кху лаьттахь. Хименеса хазалла йуьйцу цу дешнашкахь, хазйеллачу йоьIан хазалла, хазалло кхуллу безам, безамца кхочу синан цхьалла а.
Суна поэт вовзале, цуьнан васташ хезна, шечул дика аз доцчу илланчин озехь.
Со ца теша, «Даймохк-Нана» бохучу Мамакаев Эдуардан дешнаш тIехь даьккхина долу илли Далхадов Аптисчул мукъаме кхечу озаца декалур ду, аьлча.
Цу дешнашкахь Дала деллачу дикачу совгIатех ши совгIат а ду:

Даймохк, нана.
Нана санна, Даймохк беза
Аьлла, дита хIоттац со;
Дегабаам барна кхоьру,
Цунна ша ца хетча сов.

«Даймохк – Нана» – кхин а цхьа жовхIар ду поэтан кхоллараллехь.
Суна тахана дага ца догIу Iарбин кIант Эдуард сайна маца гина, маца вевзина, гуттар а иза сайна иштта вевзаш хилча санна хетар бен.


Эдуард гинчу дийнахь суна дуьххьара адам гира, цхьаьнца а цхьа а хьагI-гамо йоцу цхьалха, экама адам.
Иза дахаро ца човхийна йа цуьнан накъостий а ца хилла бохург дац кхузахь…
ХIан-хIа, цуьнан дукха хилла накъостий, тахана а бу, ши шай мах боцурш а тIехь, цхьаьллиг цхьаъ мостагI а воцуш.
Цо уьш берриш а – дика-вон ца къестош – беза хьеший бой, тIе а оьцу шен хIусамехь.
Уьш дIабоьлху, деза-даккхий къамелаш а дой, нахехь, хьовха, шайн цIахь а хьеший хила Iемина нах. Царна тIаьххье кхиниш а богIу………………………………..

Бексултанов Муса

ТIаьхье йеша «Орга» журналехь (№2.2024)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.