ГАУ «Издательский дом»

Цуцаев Iалауди. Жима Марха

Ловзоргаш, Iиэхоргаш Мархин йу шортта:

Йиш локхуш тайниг йу, йу локхуш шок а,

Чкъургаш тIехь котам йу, хIазарехь – маймал.

Ша ма йац хIинца а, йен негIар айдал а,

ХIетте а кад биэза, стака йа бошхап,

НеIарех тийсалуш, ца йуьту ишкап.

Хеталуш дIайоьду ша гена-гена,

Тударгаш такхайо шен ненаненан.

Кехатна къоламаш тIехьоькху Мархас,

Ловзоргаш дIатесна, ловзабо кIархаш,

Кегийчу когаша гIулч шуьйра йоккху,

Лууш йу чIогIа и ша хила йоккха.

Стела1ад №2. 2024

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.