ГАУ «Издательский дом»

БИБУЛАТОВ Вахит. Жима АтагIа

Жима АтагIа вайн махкахь уггар хазачу яртех цхьаъ ю. Нохчийчоьнан къилбехьарчу лаьмнийн кIожахь Шелана малхбузехьа, Йоккхачу АтагIана малхбалехьа Органан аьтту бердаца Iуьллуш ю Жима АтагIа. Шуьйра, нийса урамаш, хаза гIишлош йолуш юрт ю иза. Бенойн, эгIаштбатойн, чермойн, гендарганойн, курчалойн, коттойн, дишнийн, маьршалойн, гагатлойн, ногIийн, туркойн тайпанех нах бу кхузахь бехаш. Тахана уьш берриш а цхьа атагIой бу. ГIиллакхца, оьздангаллица къаьсташ болу дела, церан халкъалахь дIаяхна «эсала атагIой» аьлла цIе. Амма гIиллакхашца хаза хилла ца Iаш, куьйганна говза а хилла атагIой даим а.

Масала, ширачу заманашкахь дуьйна, ерриг ДегIастанахь цIеяххана болу герзан пхьераш хилла кхузахь.
Жима АтагIа йиллина билггал хан хууш яц, амма 16-чу бIешарахь дуьйна историн язбинчу белхашкахь хьахош ю иза. Тахана Шелан кIошта чу йогIучу яртех цхьаъ ю.
Жимачу АтагIан а, вайн мехкан а дозалла ду 1912-чу шарахь дина маьждиг. Вайн махкахь цIеяххана хиллачу Iеламстеган Элах-Моллин а, цуьнан доьзалан а, цуьнан хиллачу мурдан Мударан а зиярт а ду. Иштта вайн исторехь хиллачу сийлахьчу хиламашца, сийлахьчу адамашца йоьзна шен агIонаш йолуш ю Жима АтагIа. Амма шен таханлерчу адамех дийца а кIезга дац цуьнан. Юьртахоша шех дозалла деш ву кхузарчу Исаев Хьусайнан цIарах йолчу спортан комплескан генеральни директор дзюдоист, Дуьненан чемпион Бахаев ИбрахIим. ХIинца къона дзюдоисташ кхиош ву ИбрахIим.


Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь кхелхинчу а, докъаза байначу а юьртахошна лерина мемориал а ю Жимачу АтагIахь. Мемориалан шина а экъан тIехь аьгна 143 стеган цIе ю. Шайн коьртехь хьехархо Дадаев СаIид а волуш, цу №1 йолчу ишколан дешархоша кхоьллинчу «Поиск» аьллачу тобано, тIам тIе бахана хиллачу шайн юьртахойн лараш лохуш, хьегначу къин жамI ду иза.


Нохчийчоьнан историн агIонаш тIехь даим а ехар ю нохчийн литературин классикан Арсанов СаIид-Бейн, дIадаханчу бIешеран хьалхарчу эханехь Соьлжа-ГIалахь хиллачу «бIедийнан тIемашкахь» кхелхинчу медйишин Арсанова ПетIаматан, гочдархочун Исмаилов Халидан, Нохчийчохь вевзачу Iеламстеган Гаркаев Мадин Махьмудан, нохчийн меттан Iаматийн авторан Янгульбаев Вахин, Россин президентан хьехамчин, инарла-лейтенантан Аслаханов Асламбекан, «Исламан зIаьнарш» цIарца вайн махкахь дуьххьара диллинчу динан газетан коьрта редакторан Заурбеков МасIудан, Iилманчин, журналистан Магомадов Мансуран, кхин а иттанаш сийдолчу атагIойн цIераш. Кхечу ярташца цхьаьна Нохчийчоьнан а, нохчийн къоман а историн агIонаш тIехь шен сийлахь лараш юьтуш, ехаш ю Жима АтагIа. Дала Iалашбойла вайн берриг мохк а, къам а!

Стела1ад №2. 2020

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.