ГАУ «Издательский дом»

ЯСАЕВ Мовла. Яхь

Ширделла тха хуьйцуш, бIаьстенан юьххьехь кенах долу цIоькъалом санна, бIешерашкахь лелийна тишделла духар хуьйцуш, дегалуш дара цу хенахь Кавказан лаьмнаш. БIаьстенан аренаш сенъелла йогIуш яра хIетахь.


Орган йисттехь Iуьллучу тхан жимачу юьртахь колхоз йилла йолийначу шарахь дара иза.
ГIеметтахIоьттина, зудаялоза а волуш, жима стаг вара Iабдулла. Нехачул тIех хIумма а дацара цуьнан: дегIана куьцехь ву ала а, я басна цIена ву ала а. Мелхо а, юьхь тIехь векъна хиларна, нийсархошна юкъахь дегIана эгIаза хеташ вара иза. Делахь а, хьанал болх барца, хазачу гIиллакхца, оьздангаллийца нахана ша везийта хаьара цунна. «Балха тIехь мало еш вац, тIах-аьлла кIант ву, гIуллакхний, гIиллакхний тIера ву», – олий, йоккхура цуьнан цIе юьртахоша. Шегахь юьртахойн безам болуш а, юьртахой безаш а вара Iабдулла. Ша комсомолец а, эвларчу комсомольски ячейкин секретарь а вара Iабдулла.


Тхан юьртарчу ахархойн цхьалха бахамаш колхозе берзочу шарахь ,уггар хьалха ша колхозе дIа а язвелла, нахана юккъехь кхетаман болх бира цо, тIаьххьара бахам колхозе берззалц.
ХIетахь хIара, кхуьнан накъостий-комсомольцаш а, кегирхойх кхетаме дакъа а, хьацарна пIелг а хьоькхуш, адамашна юккъехь кхетаман белхаш беш хьийзачу муьрехь, дагахь а доцуш, цIаьххьана цхьа хабар а кхаьчна, цунах боккха кхаъ хилла вара Iабдулла: дукха хенахь дуьйна хIара тIехьийзаш йоI яра, кху эвлан йистехь ехаш, и яло ойла йолуш вара кIант.

Кху тIаьххьарчу заманчохь, Сепиятан шеца йолу ойла чIогIа кхоьлина гуш, дIахIоьттича, цо бакъдерг а ца дуьйцуш, ткъа тIедожжийна цуьнга хан йилла ала даго а ца вуьтуш, хьал дара Iабдуллехь.
Хан йилла шена цуьнга ала кхунна цалааран а шен бахьана дара. ЙоIана яхь дIаяла башха там ца хетта куц дара кхунна. Амма цкъацкъа, лело ца йогIуш, эрна хеталора и Iабдуллина.
Ткъа, хила йогIурий-техьа и яхь, шен хьуьнарций, ницкъаций эккхийна борз а лацаяла тамехь хеталучу жимачу стеган, маргIалан гIад санна кхиъна йогIучу ховхачу йоIаца?
Цуьнан а шен цхьа бахьана дара: мехкаршна хийисте воьдуш верг, дукха хьолахь, кечйинчу говрахь а воьдура хIетахь. Гона хаьхкича, маситтазза хьалхаяьлла яра Iабдуллас лело колхозан говр. Тоелла еанчу цхьана суьйранна, тракторни бригадера воггIучуьра, оцу говрахь хийисте нисвелла иза. Мехкарий хитIе оьху шовда эвлан лакха йистехь, юьртал арахьа дара. Оцу сарахь шовданан коьрте гулбелла дукха нах бара, цхьаберш говрашкахь а болуш.

Дуккха а мехкарий а бара, кегийчу нехан хазачу къамелашка ладоьгIуш, йоккхачу тобанца лаьтташ, кIудалш юьзний, юзазий. Хьаннийн хотешкахь хеза бIаьстенан олхазарийн эшарш санна, тайп-тайпанчу аьзнашца хабарш дуьйцуш уьш лаьттачу хенахь, цIаьххьана къамелаш севцира адамийн, чекхдовлазачу дешнаш тIехь. Массо а, ша-ша лаьттачохь, бIогIамаш санна, биснера хIорш, цхьана агIор дIахьаьвссинчохь. БIаьрго схьа ма-лоццу гуш шера аре яра. Оцу арахула, кху юьрта богIучу новкъа, схьайогIуш цхьа йоккха гIовгIа яра. Цу гIовгIанна юккъехь къаьсттана хезаш зудчо хьоькхучу маьхьаран дуткъа аз деттара. Некъахула схьа тIебохьуш, йилбазмох санна стигала оьхуш, ченан кIур а бара.
И хIун ду ца хууш, цецбевлла, хьуьйсуш лаьттара кегирхой а, мехкарий а. Царах цхьамма-м элира:
– Суна хетарехь, зуда ядийна богIуш нах бу-кх уьш.


Уллехьа кхача йоьлча, оцу гIовгIанца йогIуш ерг тачанка хилар хиира, йоьжна ши говр а йолуш. Амма тачанкина хьалха хиъна гуш стаг а вацара.
Зуда муха ялайо, тачанкина хьалха хиъна стаг а воцуш? – элира кхечо. Хьо бакълоь – элира кхоалгIачо, – говраш къаьхкина йогIучух тера ду, тачанки тIехь кхераелла, йоьхна, мохь хьоькху зуда йоцург, кхин адам доцу таро ю .
Дарцо ядийна кондар санна, йохьуш яра тачанка къаьхкинчу говраша. Уьш дукха чехка йовдарна, тачанка айаелла, хIаваэхI йохьуш санна яра, цу тIера схьа къаьсттана хезаш, шийла мохь хьоькхуш, дерриге а дуьнене шена орца доьхучу зудчун аз дара.
– Говраш совцо хьовса дезара вай.
– Муха?


– Дерриш дуьхьал а девлла, некъа дIахIитта деза. Ткъа говраш тIекхоччучу хенахь, куйнаш, куьйгаш лестош, маьхьарий а детташ, вешан хирг деш, уьш совцо хьовсур ду-кх.
– И дан мегар дац, – элира кхечо. – Иштта дуьхьалдевлча, вайх пе тоьхна, говраш цIаьххьана нацкъар хьовза герга ду, тIаккха, тачанка, хаьрцина, тIекIелкхетар ю, ткъа цу тIера зуда, дуьйцийла йоццуш, хIаллакьхир ю. Вай, шина декъе а декъаделла, некъан бохалла дехьий-сехьий дIахIитта деза, ткъа ваьшна юккъе нислушшехь, цхьабосса тIедетаделла, говрийн архаш схьалаца хьовса деза. Нагахь аьтто хилла, говран кхес лаца каяьлларг, кхоссавелла цунна тIе а хиъна, тIаккха уьш совцо гIорта веза.


Кхеран цхьабарт хиларе ца хьуьйсура къаьхкина йогIу говраш. Ласточо куй лестош, тухучо мохь тухуш, йолчу тIе а марсаяхар бен, кхин кхаьргара гIо доцуш, махо йовдийча санна, тIехлилхира говраш, Iадийча санна, кIайеллачу зудчун шийлачу маьхьаран аз а эцна.
Говрийн дуьрстане я архашка кхача безам болуш дара Iабдуллас, шен маса говр, тачанкина йоьжначу говрашна юххе а теIош, цаьрца нисъеш, дIахахкар. Амма, бIаьргех туьйсучу суйнаший, лерехь лоькхучу механ шакарой оцу сохьтехь хаа-м хаийтира цунна, нагахь архаш хила ма-еззара шен карахь хилча а, сел хьераевлла йогIу къаьхкина говрашший, цаьрца тасаелла йогIу шен говррий цхьабосса совцо шен ницкъ кхочург цахилар. И хиъначул тIаьхьа, хIун дича хIун хир дара-техьа бохуш, кхин еха ойланаш ца йира Iабдуллас. Ян а яцара ойланаш ян хан. Тачанка юьрта чу кхочуш лаьттара. Эвлан юккъехь, урам-новкъахь, хаддаза хуьлура ловзуш долчу берийн яккхий тобанаш. Шеко яцара, цу кепара и говраш юьрта чу лилхича, хийла нана сингаттамна йоьлхург хиларан.


Шегахьа агIор тачанкина йоьжна йолчу говрана лерга юххе юьхьиг а таIийна, тапчин лаг уьйзира Iабдуллас. Мозий лелхо санна, корта а ластийна, чов хиллачу говран болар дуьйхира.
Цаюьсу чов хиллачу говре кхин гена дIа ца дахьаделира и шен аьрха болар. Жим-жимма гIеллуш, тIаьххьара а юьйжира иза, юьртан хьалхарчу куьпах чуйоьллачохь. Важа говр а лаьттара, цу охьайоьжначу говраца тачанка дIатекхо гIертарх гIуллакх а ца хилла, ца яьллачу денна, саца а сецна, цецъяьлла, хиллачух ца кхеташ, мерах шок а етташ.
Беречун лаамаш дика бовзий, цаьрга ладегIий Iемина Iабдуллин гила хала ца сецира, шена тIерачу беречун дагарахиъначул тIаьхьа.


Оцу сохьта дукха адамаш гулделира цига. Тачанка а, цунах йоьжна хилла йисина говр а наха дIайигира. Баккхийчу зударша шайн комаьрша къинхетам бина, кегийчу зударша каде куьг тоьхна, цIа йигира тачанки тIехь хилла йоI.
ЦIа веана, говр дIаIалашйина, цхьаьнгге а хIума а ца олуш, охьавижира Iабдулла оцу суьйранна. Кхунна ца хаьара, ша говр ер наха муха лорур ду. Цара и харцахьа тидарх чIогIа вогура хIара. ТIаккха, дас шега аьндерг ца хууш, дикка сингаттаме а вара.


Iабдуллин дена, Дудина, кхана, делкъал тIаьхьа, хиира эвлахь хилларг. И Халипата дийцира цунна ма-дарра, Iабдуллина совгIатна ялийна ша аьлла, гоьзанах дIатесна кечйина говр а йитина, кIант волчу дена баркалла а аьлла, Халипат цIа яхара. Амма Дуда цу тайпанчу гIуллакхаш тIехь ледара къонах вацара. Дика кхуьуш дара цуьнан хьекъал хIуманах, цундела цо шен кIанте элира: «Цхьаъ ен а йийча, важа вайна совгIатна а елча, царна доккха зиэн ду иза. Йийнарг денлур яц, цунах царна хилларг зиэн ца ларало, цул инзарениг сацорхьама и дина хиларна. ДIа а йигий, хIара церан говр дIало. Со-м, йийнарг токхуш вайна башха ницкъ ца хилча а, тоуьйтур долуш дера ву.
Дас шега ма-аллара, Iабдуллас, говр дIа а йигна, дIаелира. ЙоьIан хьал а хаьттина, даггара чIогIа шега чукхойкхуш хиллашехь, чу ца воьдуш, вухавирзира иза, ша цIахь сиха волу кеп а хIоттийна.


ХалипатагIар дика ца кхуьура шайн совгIат духатохаран бахьанин кIоргенах. Цундела, Халипата хабар даийтинера: «Хьо резахинволчу совгIатан цIе тоха», – аьлла. Iабдуллас совгIатан цIе ца яьккхича, цунна йоI езий-техьа шайна моттар а хазийра, Iабдулла хьалххе дуьйна Сепиятана тIехьийзаш хилар хууш болчу ХалипатагIара.
Сакъера хьошалгIа яханчуьра цIа йогIуш, говраш къаьхкина, хьалхара доьнчик охьа а воьжна, тачанкано ядийначохь хIаллакьхуьлучуьра Iабдуллас кIелхьараяьккхинарг Сепият хилла.
И Сепият яра и, кхуьнга йогIур ю ша бохуш, масех шарахь Iабдулла тIаьхьа а вазийна, кху тIаьххьарчу хенахь, гуьйренан малх санна, кхуьнца кхоьлина йогIуш хилларг.


Ткъа хIинца, «хьо соьга ян еза, хан йилла а еза», – аьлла, тIедожош ша дIааьлча, «декхар дIадоьхуш-м хирг хир вац хIара», – бохург оцу йоIана дагатасарна кхоьрура Iабдулла. И йоI хIаллакьхуьлучуьра кIелхьараяьккхинарг ша вацахьара, хецца цуьнца шен хиндолу къамел а хIинца дехкаделла вара хIара, шен хьокъехь харц ойла цу йоьIан даг тIе ярах вогуш.
Ткъа хIинца, масех шарахь тIехьийзинчул тIаьхьа, юхуш-толуш, кхеран юкъаметтиг хийлазза хийцаеллачул тIаьхьа, кхуьнан дагара хууш санна, кхаьчна хабар дара: «Хьуо резавелахь, йоI дIайига», – аьлла.
Ишттачу хабарх чIогIа сакъераделла, боккха кхаъ хилла вара Iабдулла оцу деношкахь.
Амма, шен воккхавеш, сакъералуш хиларах мелла а чам байна вара и, «хьо резавелахь, йоI дIайига», – Сепиятан бертахь ду-дац ца хууш.


– «… Суна хIун хаьа, йоI реза ю-яц. Суна и яло лаарх тоьий, и ша резаяцахь? Цкъа хьалха и ган а гина, цуьнга шега хатта деза. Цуьнга шегара хаа деза цуьнан дагахь дерг…», – ойланаш керчара къоначу коьртехь. Оцу ойланаша лоьхучу некъашца Сепият ган а, цуьнца къамел дан а, цунах дагавала а гIиртира иза. Амма, Iабдулла ца кхетачу цхьана доккхачу бахьанина Сепият чIогIа чукъовлаеллера, ур-атталла кхайкхича, хийисте а ца йогIуш, лулахойн чу а ца йогIуш. Цундела цуьнца шеца къамел а ца хилира. Сепиятан несаца къамелдар ца хилира. Сепиятан несаца къамел деара. И кхуьнга кхаьчна хабар Сепият реза а йолуш хилар чIагIдира несо. Амма Сепияте шега вистхила аьтто бар Iабдуллас дехча, йоI чIогIа могуш йоцуш Iуьллуш ю, аьлла, бахьана хIоттийна, бехказло-м хьовзийра цо.


Муьлххачу кепара а ша йоI ган гIертарх гIуллакх ца хилира Iабдуллин.
Хазачу гIиллакхца, оьздангаллийца, балха тIехь мало йоцуш кхиъна бара йоI йолчу ненан къона доьзал. ХIара ши бер – Эдилсолтий, Сепияттий – сов жима долуш кхелхинера кхеран да. Амма, цхьана а дегIе шен берех бай ца олуьйтуш, чекхъелира хьуьнаре нана. ТIах-аьлла, мало йоцуш стаг яра Халипат. Цундела цу бертахьчу, декъалчу доьзалх хьоьгуш бара юьртахой. Цу ялхитта шарахь цхьаьнгге а «жеро» ца аладелира йисна Iачу Халипатах. Муьлххачо а, дог резахуьлий, къонахчул толайора Халипат. Цхьанна а корта ца бетташ, шех бала ца беш, милла а хьеггал гIиллакхе а, гIуллакхе а кхиийра цо шен доьзал.


Беркате нана ша а яра шен ховхачу доьзалх сакъералуш, йоккхаеш. Дерриге а дуьне шайн дуьхьа лаьтта моьттуш, оццул дуьнено бIаьрг хьоьстуш бара уьш. Нагахь цхьана сингаттамна хьо чIогIа гIайгIане воьжначу хенахь, оцу доьзалх цхьаъ хьуна гича, цуьнца хьо кIеззиг къамеле ваьлча, цхьа вон гIан-набарш гуш Iуьллучуьра самаваьлча санна, хьайгарчу гIайгIанах паргIатволура хьо, цуьнан сакъералуш хилар ша-шаха хьоьга а доьрзий.
Кхарах стаг цкъа а къанлур вац аьлла, чIагIо йийр яра, хIетахь уьш гинчо.
Халипатан кIанта Эдилсолтас хIетта зуда ялийнера. Сепият, маре гIурриг хуьлуш, кхиънера. Цуьнца хазалла къовса йоI ца хеталора эвлахь. И хазалла къагош, дечу гIуллакхна каде а яра йоI.


Цхьа доттагI вара Эдилсолтин шайн юьртахь, Ахьъяд цIе а йолуш, хIорш санна, дуьненах сакъералуш а волуш. ДегIана куьцехь, басна а товш а, дашна говза а вара Ахьъяд. Цул хаза хелхаволуш кIант ца хеталора эвлахь. Ахьъяд воцу ловзар, синкъерам, йочане де санна, кхоьлана хеталора. Леррина и къаго вича санна, товш хуьлура и ловзаргахь. Ахьъяд воцчу ловзаран башха чам ца кхетара кегийрхойн вовшакхетарх марзо эца Iеминчу баккхийчу нахана.
Делахь а юьртахойн шовкъ йоцург а доллура цунах. Кхиберш санна, юьззина бакъо йолуш могIара колхозник ша воллушехь, къинхьегамна пе бетташ вара Ахьъяд.


Кхо-диъ шо кхаьчна долчу беран санна, ховха дара къахьега ца Iеминчу Ахьъядан куьйгаш.
БIаьста аренаш тIехь белхаш беш, я хьийкъина кхиийна колхозан ялташ гурахь чудерзош, сихбелла, хьацарна пIелг хьоькхуш, юьртара кегийрхой тIах-аьлла хийзачу хенахь, даьтта хьаькхна стеран маIаш санна, къагайой эткаш а юхий, эвлан юккъехула лелаш хуьлура Ахьъяд, оцу эткашна тIера ченаш сих-сиха дIайохуш, кисана диллина Iаьржа бархат а долуш, хьацаран кIуралахь балхана хьийзачу шен нийсархойх, дагахь, цавашарца къайлах бIаьрг а бетташ.
Колхозан юкъарчу балхах ша къехкаш хиларна, юьртахойн шех безам бовш лаьтташ хилар хаалой, цаваьллачу денна балха араваьлча а, уггар тIаьхьарчу могIарехь хуьлура Ахьъяд. Нийсархойн могIаре дIа а хIоьттина, кхечара санна, болх ца беш, хабар дуьйцуш, де дойура цо.
Гуттар а, хIоа дохарна кхоьруш санна, лерина лелаш хиларна, нийсархошлахь шашаха тиллаелла цIе яра цуьнан «Заббари» аьлла. «Ахьъяд» ала оьшуш а дацара, важа цIе яьккхича, и дикахо а вевзара юьртахь.
ХIетте а, цуьнца долчу доттагIаллин юкъаметтиг шегахула хадо ца лууш, и дIакхоьхьуш вара Эдилсолта.


Эдилсолтас зудаялаяле дуьйна а доттагIалла догIуш вара и шиъ. Синкъерамехь а, ловзаргахь а, мехкаршна хийисте воьдуш а, хьошалгIа яханчу йоIана тIаьхьа воьдуш а, даима цхьаьна хуьлура ши доттагI. Юьртахошна хууш яра цаьршиннан доттагIаллин уьйр.
Эдилсолтас ялийна зуда а, диккачу декъехь, хIокху Ахьъядан шерачу хабарой, говзачу дашой хаздинчу захалонан беркат дара. Цундела хила герга дара несана иза къаьсттана дукхавезар, цхьаболчу марзошлахь уггар хьомсара хетавалар а.
Зудаялийначул тIаьхьа Эдилсолтин синкъерамашка лаьттина ойла керлачу колхозан балха тIе йирзинера. Цуьнан синкъерамашкара ойла чуерзаро цуьрриг хера ца яьккхира кхуьнан а, Ахьъядан а юкъаметтиг.
Балхана мукъа йолу хан (и Ахьъядан дуккха а яра) даима ЭдилсолтагIаьргахь йоккхуш хуьлура Ахьъяд. Несана чIогIа хазахетара, Ахьъяд шайга веача. Дерриг марвешин там-товраш лоьхуш, нисдеш а хуьлура иза, цо шайгахь боккхучу муьрехь.

581 комментарий

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.