ГАУ «Издательский дом»

МАХМУДОВ Iийса. Ши синтар

(шолгIа дакъа)

– ХIара ма доккха хIума ду! ХIара ма ирча хIума ду! Сан хIун бехк бара? И хIун дара цара динарг? – бохуш, инзардуьйлура даима а дезадиэ Iемина долу синтар. ХIинца-м бехк а бацара цуьнан. Хьун хьокхуш схьадогIучу адамаша ца кхоадора кегийра синтарш. Церан Iалашо: сихха даккхий дитташ охьатохар. – «ДогIа ма деъана, кегийра дитташ денлур ду, хьун къонлур ю» – аьлла, арабевлла бара уьш. Буххера дуьйна, ала мегар долуш, хада а дой, охьатухий, тракторна тIаьхьа а тосий, дIатакхадора цара дитташ.
– Ма доккха хIума ду хIара! И мел долу дитташ суна тIехула дIатакхо дезаш хилла-кх церан?! Сан хIора гIа а эгош, сан дегIан чкъор доккхуш, гIора дIадоккхуш хили-кх, хIара ас даимна шега сатийсина йолу серло гар. Хьо дийна дуй? – аьлла, дIа мохь туьйхира цо шена уллерчуьнга.
– Со-м, хьо лийна даллалц, Iара. Дийна ду со-м. Сатохалуш ю сан чевнаш.
ХIокху пекъаран хьал а дацара кхин башха тоьлла. Делахь а, шега ца хийцалучу хьолана собаре хила Iемина дара иза.


– Хьуна хьайна йина чевнаш бен ца го. ДIасхьахьажахьа, мел ду, вай санна малхе сатийсина синтарш, баххьаш а хедийна, генаш кегдина, бухдаьхна, Iоьхкуш!?
Синтарша сатийсина маьлхан зIаьнарш стигалхула яьржина гора. Даккхийчу дитташа стигал къайлаяьккхина, малх ца гуш лаьттинчу синтаршна, цхьана йоццачу заманахь и зIаьнарш шайна схьагича, шайна хьун хьокхуш йина чевнаш а йицъеллера. Шайна тIехь дийна дисна массо а гIа малхехьа а дерзийна, уьш тешамца хьоьжура цуьнга. ХIинца дуьйна маьрша яра стигал. Амма цара ойла ца йора цу маьлхан йовхо тIеххиларо хIун до. Царна хьалха гина, девзаш хьал дацара и. Цадевзарг атта хетара. Амма хазалло Iехийнначохь дIайолу Iуьйре. Синтаршкахь гIора латтош долу Iуьйренан тхи, дерриге а церан догIмаша дIахудуш, дIадайра. ХIинца маьлхан зIаьнарш нисса синтаршна тIе хьоьжура.
– Ваай, хIара ма инзаре хIума ду! Цу малхо со ма чIогIа дагадо! Сан даръелла чевнаш Iовжийна цо! ХIинца ас хIун де? Ишта со лийр дуйла хиънехь, ас сатуьйсур ма дацара оцу малхе! – бохуш, карзахдуьйлура аьрха синтар.


– Жимма сатохахьа. Дуккханга а ма кхаьчна хьоьгахь боллу бала. Ишта хьо дезадерах тодала хIумма а дац. Цхьа чов йоцуш хилча-м, хама а бийр бацара кху маршонан. Жим-жима, хан-зама яьлча, чевнаш йоьрзур ю. ДогIа ма-деъана, сихха меттахIуьттур ма ду вай.
– Ма эли-кх ахь! Хьо хIутту метта? И хьан дисна долу ши-кхо гIа хIинца цхьана газано дIакхоллур ду. ТIаккха лаьттар ду хьо, догIа даллалц бохуш.
– Ма кIезиг сагатдо ахь сан хьолана. Кху хьуьнхахь цIе ялахь а, хьан гIуллакх хилчахьана, хIумма а дац… Хала зама а, атта зама а массарна цхьатерра ца йогIу. Даккхийчу дитташа хьайна дIакъевлина малх бен ца гора хьуна, хIинца цара луш хиллачу IиндагIан хама а хии хьуна.
– Оцу диттийн IиндагIехь ца латта-м, сох цу маьлхан йовхоно чим хилийтахьара! Шайн ницкъ кхаьчнехь, и IиндагI а лур дацара цара. Сан чкъор хадош, со лазийнехь а, уьш дIадаьхна хала-м ца хета суна. ХIара дуьне а, Iалам а массарна цхьатерра кхоьллина ду. И шена доладаккха стигал кхийдахь а, цхьа де догIу, лаьтто ша генахь ца хиллийла хоуьйтуш.


– И дерриге а хьайна хууш хилча, хьо вуон-м деттало. Тхих дисна тIаьххьара тIадамаш а ма легий ахь.
– Ахь Iама-м дийр ду. Доккхуш дегI а доцуш, хьоьца къанлуш ма лаьтта со!
– Синтарх хуьлу-кх ткъа дитт а. Малх а, догIа а шайн цхьана барамехь хилча, сихха доккхахуьлу дитт. Даккхий хилар церан бехк ма бац.
– Оффай-кх… Хьуна маца гина-теша малх я догIа? Цара уьш вайга кхачийтина ма дац. Вай лелла довлале, шаьш леш долуш санна, дIа ма узура цара хIора догIанан тIадам. ХIинца Iаьбна хир ду уьш. Сох тийса а ца долуьйтуш, даьхна делара уьш дIа…

78 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.