ГАУ «Издательский дом»

ТАЛХАДОВ Хьамзат. «…Нагахь аш дош алахь сох лаьцна аьхна…»

OLYMPUS DIGITAL CAMERA

ХIара дешнаш Талхадов Хьамзатан «Весет» цIе йолчу стихотворени юкъара схьаэцна ду. 2009 шарахь язйинчу оцу говзарехь шен дисина денош гергакхача дохкий авторна хууш санна хетало, и цхьанна а хаа йиш йоццушехьа. Амма дIадаханчу дахаран жамI дар, цуьнан мах хадор алсам хаало Хь. Талхадовн тIаьххьарчу шерийн поэзехь. И къеггина гойту цхьамогIа стихаша: «Дагца къамел», «КIанте», «Декхарш», «Дахаран кад бузуш, доьттича ирс», «Сан некъаш дуьсур ду тIаьхьенна», «ШозлагIа болош бац дахарехь некъ…», «Iамал къен карийча эхарта яхьа…», «Таьллингех тарделла, сан шераш ду когех хьерчаш», «Вахаран, валаран ойланаш», и. дI. кх. а.


Талхадов Хьамзат (1951–2010 шш.) кIорггера похIма долуш поэт вара. Авторан поэзин говзарш зорбане йийлина «Орга», «Вайнах», «Нана», «СтелаIад» журналийн агIонаш тIехь. Цуьнан дуьххьарлера поэзин гулар «Дагца къамел» 2011-чу шарахь, поэт бакъдуьнена вирзина нийсса шо даьлча, араелира. Нохчийн литературехь шатайпана исбаьхьаллин кIорге йолуш, говза мотт болуш ю автора вайна йитина поэзи – цхьа атта ешалуш, амма кIорггерчу маьIнехь.


Ткъа дахарехь кхин вара Хьамзат: дIааьллачу дашна дуьхьал дIайиллина хилча санна забар а карош, муьлххачу а хиламна беламе кхетам а луш, дагчохь марсаюьйлу ойланаш гонаха болчарах ларъян а хууш, велавелла-векхавелла, дог схьадиллина, комаьршаллех а, къинхетамах а вуьззина, бер санна, хIилла доцуш, шена хIума ца лоьхуш. Амма Дала комаьршша похIма делла вара…
Тахана нохчийн поэзийезархойн кхиэле йохку оха Талхадов Хьамзатан цхьайолу говзарш.

928 комментариев