ГАУ «Издательский дом»

СУЛЕЙМАНОВ Ахьмад (1922-1995)

Сулейманов Ахьмад нохчийн уггар тоьллачу поэтех цхьаъ ву. Амма иза поэт хилла ца Iара, говза художник а, музыкант а вара. Ша даьхна иллеш ша дIа а олура цо. Цул сов, вайн мехкан яртийн, лаьмнийн, аренийн, хийн, шовданийн, меттигийн цIерш дIаязйина жайна а хIоттийра. БIеннаш, эзарнаш шераш хьалха дуьйна хIокху махкахь даьхнарг вайн къам хиларан шеко йоццуш долу тоьшалла ду иза.
Доцца аьлча, похIма долу стаг массо хIуманна тIехь а хуьлу похIма долуш, олуш ду-кх. Ахьмад иштта стаг вара. Амма мел доккхачу похIмах а дан хIума дац, цуьнца цхьаьна стагехь гIиллакх, оьздангалла ца хилахь. Вайн къоман и гIиллакх, оьздангалла Сулейманов Ахьмадна, уьш кхоьллинарг ша волуш санна, девзара. Уьш, шенна цхьанна лерина долуш санна, лела а дора цо. «Ахьмада схьалелочу гIиллакхо цуьнца дIа хIун лело деза а ца хууш вуьтура», – бохуш, тоьшаллаш до иза вевзаш хиллачу наха.
Хьоме бераш! «СтелаIодо» шуна йовзуьйту Сулейманов Ахьмадан «Даймахках илли» цIе йолу стихотворени.

Даймахках илли

Массо а Iуьйранна,
Тхан беша долий,
Хьозано юх-юха
Лоькху цхьа йиш…

Карара сайн къолам
Охьа а буьллий,
ЛадугIу ас, хIуттуш
БIаьргаш чу хиш.

Цкъа а цу эшаран
Дош а ца кхета,
Мел чIогIа ойлаеш,
ЛадегIарх ас.

Амма цхьа шатайпа
Гергара хета
Сан дагна, ца кIордош,
Цу иллин аз.

– Алахьа, хIай хьоза,
Юх-юха боху
Хьан хьоме и илли
ХIун илли ду?

Хьан даим и лекха
Дог хIунда догIу,
Суна а и хIунда
Ца кIордадо?

Хьозано, ладоьгIна,
Элира доцца:
– Сийлахьчу Даймахках
И илли ду.

Даймехкан иллига
Шен безам боцург
Ша винчу махкаца
ЗIе йоцуш ву.

Стела1ад №2. 2020

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.