ГАУ «Издательский дом»

МАКАЛОВ Шамсудди. Сийна бIаьсте

Сийна бIаьсте вайна ели,
Сийна хелиг – сийна гIа,
Сийна зезаг лепадели,
Генадели шийла Iа.

Сийна бIаьсте – сийна зевне,
ХIора шовда – сийна суй,
Гуш ду вайна, сийна бIаьсте
Бозбуанча башха юй.

Рицкъа вайна шорта дала,
Ялта даьлла сийна тIе,
Даг тIе йижна сийна ойла,
Дог хьоьстуш ду сийна де!

Сийна бIаьсте каде лела,
И ю шеран къона хан,
Мацахлера, берахьлера,
Гойту суна сийна гIан!

Стела1ад №1. 2021

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.