ГАУ «Издательский дом»

ТИМБУЛАТОВ Мовсар. Элча хестош байташ (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)

Элча хестош байташ
(Делера салам-маршалла хуьлда цунна)

    (1)

Халчу новкъахь тийсалуш тхо догӀу,
ГӀалатдуьйлуш, Деле хьесталуш.
СабӀарзделла Деле кхойкху оха,
Эхар зама герга хилар гуш.

ХӀай тхан Элча, ваийтинарг Дала,
Боданера адам даккха схьа.
Нехан дагчохь динан серло кхала.
ЦӀуйшна кортабеттар доккхуш дӀа.

Хьо тхан бӀаьргийн серло,
дегнийн дарба,
Тхан дахаран сирла масал хьо.
Тхаьш йоккхучу ханна
хьан некъ ларбар –
Сийлахь декхар, коьрта Ӏалашо.

Хьан дахарца доьзна ду тхан дахар,
Хьо вовзаро тхуна гӀора ло,
Оцу некъан ларца гӀерташ даха,
Ойланаша геналле дӀахьо

    (2)

РобийӀ-авваль шийтталгӀачу буса,
Ӏалам серладоккхуш, боьсси кхаъ,
Нуьрца къагош Аминатан хӀусам,
Лаьтта воьсси сийлахьчарех цхьаъ.

И дуьнен чу ваьлча керста Ӏадош,
БӀешерашкахь яьгна цӀе дӀайай.
Шема-гӀалин йоккха шахьар къагош,
Бухьайрат-хӀорд, лаьттах ийна, бай.

Кхин а даккхий Ӏаламаташ хилла,
РагӀуш дохош, килсаш аталуш.
Дедас цунна Мухьаммад цӀе тилли,
Цуьнан болх сов боккха хилар гуш.

Бану СаӀдан тайпанца хьо кхуьуш,
Хьалимата вузош лелави,
Шаьш лелочух беркат
алсам хуьлуш,
Хьох цецбуьйлуш, хийла тамашби.

Дуьнен тӀе а вале да дӀаваьлла,
Сийлахь Элча, байлахь виси хьо.
Ялх шо долуш новкъахь нана йелла,
Хьан жима дог Ӏовжий балано.

Берашлахь хьо ловзуш лелаш хийла,
Наноша шайн бераш доьхуш схьа,
Юьстахваьлла, цаьрга хьоьжуш гӀийла,
ХӀун ойланаш йора теша ахь?!

БархӀ шо кхаьчча, тӀера деда велла,
Девашас хьо шена леци тӀе.
Массаьрца а эсал, велавелла,
«Тешаме верг» – тилли хьуна цӀе.

Шовзткъе шо хьайн дуьзча
Нуран ломахь,
Хьираъ хьехахь йоккхуш ехха хан,
Вайн Делера малик дуссуш, тӀомахь
Анайист дӀалоцуш, баржош тӀам.

«Диеша. Хьуо кхоьллинчу Делан цӀарца,
Адмаш кхоьллина цо детта цӀийх.
Диеша. ТӀех Комаьрша Ша хиларца,
Къайлах дерг Цуо хьуна довзийти.»

Цу кхайкхамо инзар Ӏадавина,
Сийлахь декхар дужуш хьайна тӀе,
Дала дин дӀакхайкхо векал вина.
Хаьржира хьо, элча вина Шен.

Амма хӀун до оцу керста наха?
Стенна дуьхьалбевлла хьийза уьш?
ГӀерташ хьуна новкъарлонаш йаха?
Лаьтта тӀера хьо дӀаваккха, вуьйш?

Стенна тӀулгаш кхуьссуш тӀаьхьа?
ТӀоифера эккхавира хьо?
Стенна бала туьйсуш къаьхьа,
Мекарлонаш цара хьийзайо?!

Буьрса малик деъна уьш дӀабаха,
Лаьмнаш тӀеттатухуш хӀаллакбан.
Хьуна лаац, ахь сатуьйсу царах,
ЙогӀу тӀаьхье хила бусалба.

Маликаш тӀедуьссуш Бадран арахь,
ТӀеман дойшкахь, лата кечдина.
Тарраш детташ цоьстуш, керста цара,
Хуьлучух ца кхеташ Ӏадийна.

Халчу хьолехь нисваларх хьо хийла,
Везчу Дала ларвеш лелави.
Дала хьайга делла декхар сийлахь,
Дуьззина чекхдаьккхи, кхочушди.

Элира ахь уммат дагатесна,
Асхьабашца цхьаьна волуш хьо:
«Вежарий ган чӀогӀа ас сатесна,
Им диллинарш, гина воцуш со».

Тоьшалла до оха, Делан Элча,
ЧӀогӀа ган сатесна тхо а ду,
Синхьийзамах гӀайгӀа йузайоьлча,
БӀаьрхиш лиедаш, Деле кхойкхуш ду.

ЧӀогӀа доьху Деле тхайна малор,
Хьавза-татол цу хьан кедара.
Кхин гур йоцуш хьогалла йа хало,
СингӀайгӀа д1айоккхуш дегӀара.

Тхайн синойл а хьоме ву хьо тхуна,
Дай-нанойл а, чуьрчу доьзалел.
Уьш массо а махин хуьлда хьуна.
Ялсаманехь хьоьца цхьаьна Ӏиен.

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.