ГАУ «Издательский дом»

Магомадов Мансур. Нохчийчоь, яхалахь…

Магомадов Мансур вайн махкахь вевзаш журналист, Iилманча ву. 1985-чу шарахь цо чекхъяьккхина Санкт-Петербургски пачхьалкхан университетан журналистикин факультет. 2003-чу шарахь МГУ-хь чIагIйина философин Iилманийн кандидатан диссертаци. Дуккха а шерашкахь Магомадов Мансура куьйгалхочун белхаш бина газеташкахь, информ-агентствошкахь а. 2008-2016-чу шерашкахь РФ-н Президент волчохь НР-н Юьззина бакъонаш йолчу векалан заместитель. Тахана Москвахь арадолучу «Вечерняя Москва» газетан редакцехь редактор болх беш ву иза. Оха шун тидаме йохкучу цуьнан стихаша тоьшалла до: автор Даймехкан Iаьнарца вехаш, цуьнан ойланаш нохчийн маттехула шен махкаца йозуш а, гергара синъуьйр йолуш хиларна. Къоман интеллигентан амалан билгало ю: муьлххачу даржехь а, болх-некъ миччанхьа а хиларх, ойла а, са а, шен дахар-Iер нохчийн маттаца, цуьнан культурица дозар. Магомадов Мансур вайн къоман интеллигентан бIаьрла масал ду. Дала аьтто бойла цуьнан!

Нохчийчоь, яхалахь…

Со воцуш догIур ду цкъа мацца а дахаран денош,
Со воцуш гIоттур бу Iуьйранна зIаьнаршца малх.
Iалам а дехар ду, со воцуш, бIаьрхиш ца Iенош,
Сан хилар дуьненахь дицделла, бехар бу нах!..

Со воцуш йогIур ю Даймахка комаьрша бIаьсте,
Со воцуш кхуьур бу бошмашкахь чам мерза стом!
ГIийланиг, мисканиг, со волуш санна, аш хьастий,
Цуьнан догъэцалаш – иштта дерг адамехь тов!..

Со воцуш ларъелаш Нохчийчоь дийнахь а буса,
Со воцуш кхиае турпалчу вайн къоман яхь!
Дика, вон вовшашца, доьху ас, ма къийса буьрса,
Ма гIерта, дов даьлча, кхечуьнан хIаллакдан эхь!

Кхечуьнан сий, маршо ларъелаш, шайниг а ларий,
Ларделаш кхечуьнан схьавалар, нохчочун цIе.
«Хьо – сан ву, со – хьан ву» вовшашка даггара алий,
Хилалаш шу кийча цхьабосса лардан вайн цIа!…

Нохчийчоь, яхалахь со воцуш, со волуш санна,
Яхалахь, бIешерех чекхъюьйлуш, ца йолуш гал!
Кхиалахь, Нохчийчоь, хазлолахь массо а ханна,
Дац хьуна, Нохчийчоь, кхин хIума мехала хьол!…

181 комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.