ГАУ «Издательский дом»

Ахмадов Муса. Для детей

Ахмадов Муса вайн махкахь а, махкал арахьа а дика вевза. Мах хадийна вер воцуш йоккха а, мехала а ю цо вайн къоман йоза-дешар, культура кхиорна юккъе йиллина хазна. Ахмадов Муса Нохчийн Республикин халкъан яздархо ву, Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо, А-Хь. Кадыровн орденан кавалер. Иза вина I956-чу шеран 28-чу январехь Киргизехь. Ахмадов Мусас дуккха а исбаьхьа говзарш язйина баккхийчарна а, кегийчарна а. Цуьнан пьесаш тIехь хIиттийна спектаклеш. Тахана а хаддаза къахьоьгуш ву иза. Дала аьтто бойла хьан, Муса, дахарехь а, кхоллараллехь а.

Нохчийн мотт

Даима, шеран шийтта баттахь
Деша жайна нохчийн маттахь.
Безахь, ларахь нохчийн мотт ахь,
Ахь хьайн дахар цуьнца хоттахь,
Дуьне хир дац хьуна готта,

Йиш яц хьо юьхьIаьржахIотта.
Мотт ца оьшу хьуна моттахь,
Галволу хьо чIогIа, доттагI.
Нохчийн мотт хьан некъан гIирс бу,
Нохчийн мотт дуьненан ирс ду.

Ворда

Дада, южий говраворда,
Буц ян воьду эсашна.
Мангал хьаькхна буц ю шорта,
Iуьллу иза кесаршца.
Дадас, схьаоьций шен шалгу,
Цу бацах до кхаьнчанаш.

ТIаккха ворда царах ютту,
Вукхарах до литтанаш.
Литтанаш, тIегулдеш, кхана,
Такхор а беш, дуттур дIа.
Дохнна хир бу чоме кхача,
Токхе хир ду царна Iа.

9 829 комментариев