ГАУ «Издательский дом»

Вайн халкъан дозалла. НУРАДИЛОВ Ханпаша

Хьомсара бераш! Нохчийн къоман дуккха а сийлахь, яхь йолу, къонахий хилла. Даймахкана оьшшучохь орцахбовлуш, иза ларбеш, шайгара турпалалла гойтуш хилла. Царах цхьаъ ву Нурадилов Ханпаша. Вайн Даймахкана фашистийн Германи тIелетча, шен I7 шо бен доццушехь тIаме вахна иза. ТIамехь ямартчу мостагIех леташ, даккхий хьуьнарш, майралла гайтина цо. Шен пулеметца цо хIаллаквина 920 фашист, вейтта йийсаре а валийна. 1942-чу шарахь Сталинградна уллехь, къизачу тIамехь мостагIчун дIаьндарго хадийна цуьнан дахар.

Веллачул тIаьхьа, 1943-чу шеран 17-чу апрелехь, Нурадилов Ханпашина “Советски Союзан турпалхо” аьлла сийлахь цIе тиллина. И майра турпалхо вицвина вац Нохчийчохь а, Россехь а. Цунна лерина хIоллам бу Соьлжа-ГIалахь хIоттийна, цуьнан цIарах ю Нохчийн пачхьалкхан театр а, Нохчийчохь а, кхечу мехкашкахь долу дуккха а урамаш а. Яздархоша Нурадилов Ханпашин къонахалла хестош язйина дуккха а стихаш, поэмаш, повесташ. Иза даим вехар ву вайн дегнашкахь.

Нурадилов Ханпаша

Бохабеш дуьнен чохь хIоьттина машар,
МостагIа тIелетча Даймохк дIалаца,
Цу тIаме сихонца лууш дIакхача,
Лом санна, гIаьттира майра Ханпаша.

Тешаме герзашца мостагIий эгош,
Цо хьуьнарш гайтира Даймехкан арахь.
Цхьа эзар мостагIа шен куьйга вожош,
И турпал хилира Сталинград-гIалахь.

Къизачу дIаьндарго сацийна дахар,
Ханпаша вуьжийра шийлачу лаьтта.
Амма и вицвийр вац цкъа а вайнаха,
Дехар ду цуьнан сий, малхаца кхетта.

Ахмадов Муса

Стела1ад №2. 2021

4 комментария

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.