ГАУ «Издательский дом»

ХАЯУРИ Инга. Карийна Совг1ат

Туьйра

Марьям йина де дара. Де-м дара, ша Марьям санна, хаза. БIаьстенан малх бара эсалчу зIаьнаршца Iалам хьоьстуш. Бацалахь техкара бес-бесара зезагаш, Марьямин бумзин куча тIехь санна, хаза.
«Эххар а йоккха хили-кх со!» – бохуш, ойла а йеш, кетIахь ловзуш йара Марьям.
Ша-шега къамел дора цо:
– ХIинца-м йоккхахиллера со! ХIинца нийсархошна атта хир дац суна тIаьхьакхиа. ХIун ду, со дегIана жима хилча?! ДегI а доккхур ду.


Коьртаниг шераш ду. Ялх шо-м бегаш баций.
Ясмина кхочур ма йуй хIинцца, ловзий вайша, аьлла. Ловза йиш хьенан йу хIинца? Гурахь ишколе йаха еза. Ишколе яхале деша Iама еза. Иштта Нанина а гIо дан ма дезий сан.
Шен ойланаш а еш, ловзуш Iаш йолчу Марьямина хезира шега кхойкхуш. Кхойкхуш ерг Ясмина яра.
– Марьяшка! Во, Марьяшка!
– ЙогIуш йу! – аьлла, дуьхьал мохь туьйхира Марьяма.


Резайацара Марьям шега Марьяшка, аьлла, кхайкхарна. Ша-шега бур-бур а деш, ков долчу агIор дIайолаелира и.
– Марьяшка тов! Бер-м дац со кхин? Марьям ала хIунда ца мега?!
Шен доттагIчунна улле кхоччушехь, ца яьлла, йелакъежира Марьям.
– Марьяшка, хьо хIун деш йу? – аьлла, йистхилира Ясмина.
– Кертахь гIуллакхаш деш йара со.
– Хьо йина де ма ду тахана.
– ХIаъ, ду! – жоп делира Марьяма, цхьа жимма эхь хетта, корта раз а боккхуш.


– Хьуна совгIатна тайниг эца туькана йаханера со, хIокху ахчанах тайниг ца йогIу элира соьга! – аьлла, шен буйнахь хьарчийна кехатан пхи туьма гайтира Ясминас.
– Марьям, схьаэцахьа ахча. Туьканара хьайна кампет а, мерза хи а оьцур ду ахь, – аьлла, пхи туьма бумзи кучан кисана дилла гIоьртира йоI.
Марьяма ца оьшу оллушехь, ахча кисана а таIийна, едда къайлаелира Ясмина.
«Вай, цо хIун дора?!» – аьлла, цецйаьллачохь йисира Марьям. ТIаккха кхин ойла а ца йеш, туькана яхара и. Туькан неI йиллина йара. Ша чоьхьаяьлча, Марьяма чухула бIаьрг кхарстийра. Йоцуш хIумма а йан а йуй-те, аьлла, тIанк-аьлла йуьзна яра туька «Сникерсех», «Ореонах», «Тукех», печенех, мерзачу хинех.


ЙоьIан ойла хилира: ткъе пхеа соьмах «Сникерс» эца, ткъа соьмах мерза хи эца, пхеа соьмах «Аленка» шоколад эца а.
– МIаьу! МIаьу! – бохуш, туьканна чу хьаьжира цхьа оза цициган кIорни. Моьттур дара, и Марьямига кхойкхуш ду, и йовза а йевзаш.
ЙоI цуьнан тидам ца бан гIоьртира, шена и ца гуш санна, амма кIорни юха а «мIаьу-мIаьу» бохуш дара.
Цициг меца дуй хиира Марьямина. Аьтту агIор гIопастана тIехь цициган тайп-тайпана даарш дара.


Шегара ахча, жима буй а боьллуш, йохкархочунна дIа а гойтуш, маса «Вискас» йогIу шена, аьлла, хаьттира йоIа.
– Шиъ, – аьлла, жоп делира йохкархочо.
– Цхьаъ оьцу ас, – элира Марьяма.
Вискас, дисина ахча схьа а эцна, араелира Марьям. Туьканна хьалха, цIеначу кехат тIе, бисмилла а аьлла, кIорнина йаахIума охьайиллира цо.
Шарахь йаахIума ца йиъча санна, Iовша а ца Iовшуш, дIакхаьллира цициго шен даар. Марьямига дIа а хьаьжна, юха а «мIаьу» бохуш, «дехарш дан» хIоьттира цициган кIорни. Сихха яхана, туьканара кхин а цхьа «Вискас» эцна, схьаеара йоI.


И йиъна ма-делли, шен керлачу доттагIчуьнга элира Марьяма:
– Дуьзний хьо? Дало хIинца, чудоьду вайша, лийчо а деза хьо. Хьалха дала хIинца!
Шега аьллачух кхеташ долуш санна, Марьямина тIаьхьа а хIоьттина, доладелира цициг.
– Хьо ду-кх совгIат. Кхин хIун совгIат оьшура суна? Хьан цIе а хир йу СовгIат.
Цициг ловзуш, Марьямин когех а хьерчаш, шен керлачу хIусаме кхечира.
Делкъал тIаьхьа, Марьям шен СовгIат а эцна, Ясмина йолчу йаха араелира. И яра, кхо цIа бен юккъехь а доцуш, кхеран урамехь Iаш.

Кевна хьалха йолчу асфальта тIехь мелаца цхьацца йозанаш а деш, Iаш яра йоI.
– Ясмина! Ясминка! – аьлла, мохь туьйхира йоIа шен доттагIчуьнга.
Ясмина парт-аьлла хьалаиккхира, Марьямин аз хезна. КIеда мижарг санна хьаьрчина цициган кIорни а дохьуш, йогIуш Марьям гича:
– И ма хаза ду! Хьуна мичара даьлла и? – аьлла, куьйгаш шен горгачу беснеш тIе дехкира цо.
– Хьан совгIат ду-кх! – аьлла, елакъежира Марьям. Цо дийцира доттагIчуьнга ша туькана йахар, цигахь шена СовгIат карадар.
Ехха Iийра ши йоI, кIорни а ловзош, арахь.


Ша цIа йаха йаьлча, Марьяма доттагIчуьнга элира:
– КIорница ловза кхана тхоьга йолахьа!
– ХIаъ! Дера йогIур ю! – аьлла, жоп делира Ясминас.
– Ца йогIуш ма Iелахь! – бохуш, мохь бетташ, дIаяхара Марьям.
«Дало хIинца чехкка цIа! Тоьар ду юьртан юккъехь лела! Хьалха дала чехкка!» – бохуш, шен когех хьекхалуш, ловзуш, самукъадаьллачу кIорница къамел а деш, цIа яхара Марьям.

Стела1ад №2. 2021

1 comment

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.