ГАУ «Издательский дом»

Вай деха дуьне. Бецаш ю дарбане

Мовсаррий, Вахий арахь ловзуш вара. Мовсар, буьрка схьаэцна, дIаведира, Ваха цунна тIаьхьа хьаьдира. Вахин, охьа а кхетта, гола лазийра, цIий гучудолуш. Ваха, лазарна садетташ, ца велха гIертара, цергашца балда а лаьцна.


– Собарделахь, Ваха, ас хIинцца товийр ву хьо, динберг а йиллина, – элира Мовсара.
ТIаккха цо, цхьа буц схьа а яьккхина, куьйгашца хьакха а йина, Вахин лазийначу голина тIе йиллира. ЦIий дIасецира. Ваха, хазахетта, велакъежира:
– Мовсар, хIара ма тамашийна хIума ду.

– Иштта дарбане ма ю бецаш. Цкъа сан легаш лазадевлча, нанас суна кIайдаргах мутт кечдира, цунна тIе довха хи а доьттина. Ас и мутт легашка кхаьрзича, суна гIоли хилира. Цхьана дийнахь нанас суна дарбане бецех даьккхина чай делира. И чай мелча, суна дика наб кхийтира.
– И хIун чай дара? – хаьттира Вахас.


– Иза нанас Iаждарбецех а, латталуьттургах а даьккхина чай дара.
– Латталуьттург? И хIун буц ю? Латта луьтту цо? – цецваьлла хаьттира Вахас.
– ХIан-хIа, иштта цIе ю оцу бецан. Адамашна чIогIа пайде буц ю и. Иштта дарбане бу нитташ а.
– Нитташ ма бийцалахь, цара цкъа къовзийна со!


– Хьо къовзийнехь а, царах йина юьзна галнаш, хьолтIамаш мерза-м хуьлу.
Вайн махкахь дуккха а дарбане бецаш ю кхуьуш: динберг, латталуьттург, баппа, IаьIа, Iаждарбуц, нитташ, кхиерш. И бецаш йовза а, дахарехь царах пайдаэца а беза.

Стела1ад №2. 2021

2 комментария

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.