ГАУ «Издательский дом»

Вай деха дуьне. Малх а, седарчий а

Цхьана суьйранна Нанас жимачу Асете элира:
– Хьайна тIе йовха хIума юха, суьйре шийло ю.
– Суна хаьа, шийла хIунда ю, – элира Асета. –Дийнахь кхетта малх бу, иза боккха а, бовха а бу. Ткъа буьйсанна седарчий гучудовлу. Уьш кегий а, шийла а ду.
– Нийса дац, – элира Нанас. – Малх – иза а седа бу. Малх цхьадолчу седарчел а жима бу. Седарчий дуккха а генахь ду, цундела вайна кегий хета. Ткъа малх вайна уггаре а уллехь болу седа бу. Хьажал стигала, хьуна гушдолу седарчий муха ду?
– Уьшший? Сийна а, кIайн, можа а, цIиэн а ду-кх, – аьлла, жоп делира Асета.


– Ду. Царах сийна а, кIайн а дерш уггаре а довханиш ду. Уьш малхал а довха ду. Можанаш царал мелла а шийло ду. Вайн малх – можа седа бу. Ткъа цIиэнаш малхал а шийла ду. Малх – иза тIехбовха авгол бу, водород газах лаьтташ. Цуо вай дохдо. Малх бахьанехь лаьтта тIехь сирла а ю, дахар хила йиш ю. Малх иштта дуккха а шерашкахь богуш хилла бу. Ткъа хIинца малх дIабижа бахана. Хьо а дIайижа еза, Асет, – йоI а хьостуш, елакъежира нана.


– ХIинцца, цкъа седарчашка а хьаьжна, дIаюьжур ю со, – элира Асета, – уьш дийнахь гуш хIунда ца хуьлу?
– Дийнахь уьш маьлхан серлоно къайладоху.
– Буьйса декъалайогIийла, седарчий! – аьлла, Асет дIайижа чуяхара.
Бераш, дагахь латтаде: Седарчий кIайн, сийна, можа, цIен а хуьлу. Уггар довханаш кIайнаш, сийнанаш ду. Малх санна ду можанаш. ЦIиэнаш мелла а шийло ду. Дерриге а седарчий, йогучу газах лаьтта даккхий авголаш ду.

Стела1ад №3. 2021

114 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.