ГАУ «Издательский дом»

Вайн мехкан ораматаш

Аьнжалг (алте)

Аьнжалгаш масех эзар шо хьалха евзина адамашна, царна юкъахь дарбане бецаш хиларна. Зазадаккха юьйлало июнь баттахь. Церан стоьмаш сентябрь баттахь хилла бовлу. Уьш а дарбане бу.

Сарап (алоэ)

Сарапаш тайп-тайпана хуьлу, коьллех тера а, бецах тера а, дитт санна лекха а. Уьш хазахета а, дарбане хиларна а кхиайо кертахь а, цIенош чохь а.

SONY DSC

БугIаяр (белена)

БугIаяр вуно хаза ю, таьIно-можа зезагаш а долуш. Шо кхочучу хенахь цхьаъ-ах метр яхло. Цуьнан лакхарчу генех хьирчина, тайш санна, тIуьна хьаса хуьлу, вон хьожа а йолуш. БугIаяр дIовше ю. Амма сингаттаман лазар долчара шен барамехь йиъча лазар лахло, барамал сов яахь, дог кIаддала тарло.

Стела1ад №1. 2021

13 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.