ГАУ «Издательский дом»

БОВЗА, БЕЗА ХЬАЙН МОХК. БелгIатой-эвла

Вай кхоьллинчу Везачу Дала, шена чохь дуккха а эвлайааш, устазаш, Iеламнах баьхна, вуно хаза, исбаьхьа мохк белла вайна. Кху дийцарехь йийца леринчу йартех цхьаъ йу йерриг Къилбаседа-Кавказехь а вевзаш хилла волу, бусалба динан серлонча, Шейх СоIип-Молла схьаваьлла Шелан кIоштан БелгIатой-эвла. Органан аьтту агIор долчу бердашца жимма аййеллачу меттехь йиллина йу и йурт.
Соьлжа-ГIалина къилбехьа-малхбалехьа 18 чаккхарма, ткъа Шела-ГIалина къилбаседа-малбузехьа 5 чаккхарма бен гена йац БелгIатой-эвла. Карарчу хенахь оцу йуьртан бахархойн терахь, гергарчу барамехь, 6 эзар ду.
Веданан кIоштан БелгIатарчу бахархоша XIX бIешеран 20-чу шерашкахь йиллина йу охьара БелгIатой-эвла.


Халкъан дуьхьа къахьегар дезаш, вайн дийнна махкана а пайде гIуллакхаш дина болу дуккха а Iилманчаш, йаздархой, лоьраш, хьехархой бевлла оцу йуьртара. Царах бу: йаздархо, гочдархо, филологин 1илманийн кандидат Музаев Нурди, этнограф, историн Iилманийн кандидат Саидов ИбрахIим, психологин Iилманийн кандидат, профессор Манкиев Аюб, Малхбалехьарчу медицинин сийлахь лор, Россин Федерацин хьакъволу лор, Нохчийн Республикин сийлахь вахархо Киндаров Барон, медицинин Iилманийн доктор Киндаров Заур, юкъараллин гIуллакххо, культурин министр лаьттина волу Киндаров Iабдулла, технически Iилманийн доктор, профессор Саидов Iабдул-ВахIаб, Нохчийн Республикин халкъан хьехархо, Нохчийн Республикин Шелан муниципальни к1оштан сийлахь вахархо Исраилов Iабдул-Хьамид, иштта кхин дуккха а.

Къаьсттина хьахо а, цIе йаккха а хьакъ бу оцу йуьртара схьабевлла, Даймехкан дуьхьа шайн са дIаделла болу турпалхой. Царах вара Кааев Шарпудин Хьасан -1992-чу шарахь Соьлжа-ГIалин Анисимовн цIарахчу мехкдаьттадаккхаран заводехь шен белхан декхарш кхочушдеш, йаьлла цIе ца йаржийтаран Iалашонца дуьхьало йина, Соьлжа-ГIалин а, цунна гонахарчу йартийн а бахархой кIелхьарбохуш, шен са дIаделла. (Шена чохь пропанан газ хиллачу чухоамех нагахь и цIе дIакхеттехь, гонахара йарташ а лаьттаца дIашарйийр йолуш, ондда бохам хир бара). Иштта йуьртахошна, доккха дозалла ду Сийлахь- Боккхачу Даймехкан т1амехь Брестан гIап ларйинчарна йукъахь ворхI бIаьхо хилла БелгIатой-эвлара. (Х.Д. Ошаев «Слово о полку Чечено-Ингушском».).


Йуьртан хазна хилла лаьтта Мусхьаьжин Хьамидан тIаьхьено лелош йолу хи тIехь йиллина хьер а. Тахана а дехьа-сехьа йарташкара хьовсархой а (школашкара бераш а), журналисташ а богIу ахьар а, цу а боккхучу оцу башха ширачу хьере хьовса. Цул сов, йуьртан йистерчу аренашца лаьттах бухдуьйлуш шовданаш а, дарбане хиш а ду БелгIатой-эвлахь.
Дуьйла вай долче хьошалгIа! Йовза Нохчийчоь!

Исраилова Луиза

Стела1ад №1. 2021

14 724 комментария