ГАУ «Издательский дом»

Уггаре а нуьцкъалниг

Сванийн туьйра

Бимурзель майра таллархо вара. Иза сих-сиха лаьмнашка талла воьдура. Цхьана дийнахь цо доккха хьех дийнера.
ЦIаьххьана стигал макх а елла, Iаьржачу мархано лаьмнаш шена юкъахьарчийра. Къекъа йолаеллачу стиглара стелахаьштиг а тоьхна, бIешеран боккха наж, эзар дакъа а дина, охьабожийра.
– ХIай, нуьцкъала стелахаьштиг! – аьлла мохь белира кIентан. – Схьахетарехь, хIокху дуьнен тIехь цхьа а хIума дац хьол ницкъ болуш а, кхераме а. Айса дийна хIара хьех хьуна совгIатна ло-кх ас.


Стелахаьштиг дистхилира Бимурзеле:
– ХIан-хIа, адам, со массарал а нуьцкъала дац. ДIахьажа оцу лаьттачу къоьжачу Эльбрус-ломе. Эзарнаш шераш ду ас цунна тIе сайн хаьштигаш-пхерчий кхуьссу, ткъа иза ша ма-латтара лаьтташ бу хIинца а.
ТIаккха къоьжачу Эльбрусана тIевахара Бимурзель.
– ХIай, къоьжа Эльбрус! Хьо бу-кх хIокху дуьнен тIехь уггаре а нуьцкъала. ДIаэцахьа соьгара совгIатна ас дийна хIара хьех!
– ХIан-хIа, Бимурзель, схьа ца оьцу ас хьоьгара хьех. Хи ду сол а нуьцкъала. ДIахьажахьа, цо суна тIехь диначуьнга. Даккхий Iаннаш дохуш, аьхкина, лазийна сан агIонаш. Сан дагна тIекхаччалц ю хино суна йина чевнаш.
ТIаккха яккхий Iинан Iовраш хьийзочу хина тIе вахара Бимурзель.


– ХIай, нуьцкъала лаьмнийн хи! ХIокху дуьнен тIехь хьо уггаре а нуьцкъала ду. СовгIатна хIара ас дийна хьех дIаэцахьа соьгара.
– ХIан-хIа, Бимурзель, – жоп делира хино. – Со мархано кхоьллина ду. Шена луъучохь, сан хи охьакхосса ницкъ болуш ю иза.
Уггаре а лекхачу лам тIе хьалавелира тIаккха Бимурзель:
– ХIай, ницкъ болу марха! Хьуна юккъера схьаюьйлу стелахаьштиган цIерш, хьох схьадолу массо а хIума дIахьулдан ницкъ болу хи. Хьо ю-кха дуьненахь массо а хIуманал нуьцкъала. ДIаэцахьа соьгара сагIина ас дийна хьех!
– ХIан-хIа, Бимурзель! – аьлла, йистхилира марха. – Сан паччахь – мох бу. Шен лаам болччу метте дIахьо цо со, ядайой. Дена жима бер санна, цунна массо а хIуманна тIехь муьтIахь хуьлу со.
ТIаккха, йоккхачу тогIи чу а воьссина, Бимурзела махе хаьттира:


– ХIай мох! Хьо буй кху дуьнен тIехь уггаре а нуьцкъала? Ахь кегдо уггаре а даккхий дитташ, массо а хIуманна тIехь хьуна муьтIахь ю йочанан мархаш. ДIаэцахьа соьгара совгIатна ас дийна хьех!
– ХIан-хIа, Бимурзель, – жоп делира махо. – Со бац дуьнен тIехь массарал а нуьцкъала. ДIахьажахьа, со мел чIогIа хьекхарх, мел чIогIа суна кагъян лаарх, и дIо сийна буц каг ца ло-кха соьга. Хетарехь, иза ю массарал а нуьцкъала.
Бимурзель, лаьтта кхаччалц охьа а таьIна, вистхилира баце:
– ХIай, хаза яьлла сийна буц! Хьо массо а хIуманал ницкъ болуш ю, ма боху, кху дуьнен тIехь. Иза иштта делахь, дIаэцахьа соьгара совгIатна ас дийна хIара доккха хьех!


– ХIай, Бимурзель, иштта ницкъ болуш со хилча, ас йоуьйтур ярий со уьстагIашка я хьошуьйтур ярий цаьрга шайн бергашца?
УьстагIашна тIевахара тIаккха Бимурзель.
– ХIай, уьстагIий! Шу ду-техьа хIокху дуьнен тIехь уггаре а нуьцкъала? Шуна дIадала деза-техьа ас х1ара айса дийна доккха хьех?
– ХIан-хIа, Бимурзель, – аьлла, дистхилира уьстагIий. – Тхол ницкъ болуш ву хаспашдийриг. Муьлххачу а хенахь тхуна урс хьокху цо.
ОьгIазвахара тIаккха Бимурзель. Хаспаш дечунна тIе а вахана, цо хаьттира:
– ХIай, хаспаш дийриг! ХIокху дуьнен тIехь цхьа а вац-те хьол нуьцкъала? ХIара айса дийна хьех хьуна дIадала деза те ас?


– Ахь хIун дуьйцу, Бимурзель?! Кегий дехкий а ду сол ницкъ болуш. Цара дакъазаваьккхина, массо а хIуманах ваьккхина, царна хIун дийр ду ца хууш, Iаш ву со.
Цецваьлла, Бимурзель дехкий долчу вахара.
– ХIай, кегий дехкий! Шу ду, ма боху, дуьнен тIехь уггаре а нуьцкъала. ХIара ас дийна хьех шуна дIадала дезар ду-те сан?
– Мичара, Бимурзель! – аьлла дистхилира цуьнга дехкий. – Тхол нуьцкъала даккхий мекхаш, ира мIараш йолу цициг ма ду. Цунах кхоьруш, массо а Iуьрга дIалевчкъина Iаш ду тхо.
Доккха са а даьккхина, корта а ластийна, цициг лаха вахара Бимурзель.

– ХIай, даккхий мекхаш, ира мIараш йолу цициг! Хьо ду боху дуьнен тIехь уггаре а нуьцкъала. ХIара ас дийна хьех хьуна дIало-кх ас.
– ХIаъ! Со, цициг, ду-кх хIокху доккхачу дуьнен тIехь массарал а нуьцкъала. Со цхьаннах а кхоьруш дац. ДIакхосса кечбина, озийна пха санна бу сан букъан чIу. Вагош йолу цIе санна догуш бIаьргаш а, ира арсаш санна мIараш а ю сан. Ткъа цергаш аьчкал чIогIа а, ирачу арсел ира а ю. Схьада, охьадилла суна хьалха ахь дийна хьех.
Эццахь чIогIа оьгIазвахара Бимурзель. Ша хесто доладелла цициг, вортанна тIера схьа а лаьцна, кхоьссина дIадахийтира цо. Ша дийна хьех, шен цIа а даьхьна, ша диира Бимурзела.
Гочдинарг – Магомаева Марем

Стела1ад №2. 2021

2 комментария

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.