ГАУ «Издательский дом»

БАТАЕВА Хеда. КIиран ворхI де

ДогӀу, догӀу, догӀу де –
Иза ма ду оршотде.
Хан ца юху боларах,
КӀира юха долало.

Шинариде – шолгӀадерг,
Балха воьду балхахьверг,
Тахна вахча ваьлла вац,
КӀира юккъедаьлла дац.

Кхаариде – кхозлагӀа,
Малончашна мостагӀа,
Оцу дийнахь олуш ду:
КӀира юккъедолуш ду.

Еариде – доьалгӀа,
КӀира дерзон тоьуш дац:
ВорхӀ де хуьлу кӀиранахь,
ВорхӀ лам санна туьйранахь.

ПӀерасканде догӀу тӀе,
Уллора гуш догӀу де,
Маьждигехь ян Ӏамалаш,
Цига гулло адамаш.

РогӀераниг – шоьтаде,
КӀира дерза доьду де.
Цунна тӀаьхьадогӀушдерг
Мукъа де шех олушдерг.

Ду и девзаш шира де –
Базар хӀутту кӀиранде.
КӀира дуьзи тӀаьххьарчо,
Дийцал денош ваьхьачо.

Стела1ад №2. 2021

3 комментария

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.