ГАУ «Издательский дом»

КАГЕРМАНОВ Докка. Маьлхан хIуш. Жехь

Бераш, вайн журналан агІонаш тІехь аш кест-кеста йоьшу хир ю
Кагерманов Доккин говзарш. Уьш шатайпа хатІ, васт долуш а хуьлу.
Кагерманов Докка вина Хьалха-Мартанан районан ГІойтІа цІе йолчу юьртахъ 1933-чу шарахь. Шен хенарчу массо а нохчочунна санна, Доккина ша вина де ца хаьа, асаран хенахь вина ша, боху цо.
Кагерманов Доккин берашна язйина масех киншка араяьлла: «Іуьйренан аьзнаш» (1981 шо), «Іимран а, цуьнан доттагІий а» (1985 шо), «Лаьмнашкахъ бІаьсте» (1987 шо).
1958-чу шарахъ Муталибов Зайндис кечйинчу «Хьалхара гІулчаш» цІе йолчу гулар юккъехь яра Доккин дуьххьарлера стихаш. Цул тІаьхьа,
1962-чу шарахь, «Къоначийн аьзнаш» цІе йолуш стихийн гулар хІоттийра Эдилов Хас-Мохьмада а, Сулаев Мохъмада а. Дешархошна евзира Доккин дуккха а керла стихаш.
«СтелаІад» журналан воккха доттагІ ву Докка. Бераш дезаш а, берашца долу гергарло деза хеташ а ву иза.

Маьлхан хIуш

Малхе хьуьйсу, кортош горглуш,
Заза хоьцу, зІаьнарш санна,
Гиний шуна маьлхан хІуш?
Кеч мел делларш басна къарзлуш,
Уьш кхуьуш ду арахь денна, –
ХІуьнна дуьхьал эзар луш.
Малх схьакхеташ «дуьхьал дуьйлу»,
Дуьхьал хьуьйсуш, зІаьнарш муьйлу,
Малх ца кІордош маьлхан хIуш
Аре хазъеш ду кхуьуш.

Жехь

Со дадица жатIехь вара,
Ломахь яьккхи аса-м хан.
Со-м цигахь Iен реза вара –
Школе ваха деза сан.

Ас Iахарий дажадора,
Буц ховхачу дуьгуш тIе.
Суна-м жIаьло гIо а дора,
Турпал яра цуьнан цIе.

Ас шок тоьхча, иза, хьодий,
Чекхдолура, тосуш го.
Iахар юьстахбаьлча, додий,
Бухаберзабора цо.

Малх, къегина, делкъе баьлча,
Сан Iахарий лора дох.
Аз а дуткъдеш, шедаг лекхча,
Уьш совцура, дохуш нох.

Турпал, суна хьалха хоий,
Iара, сема доьгIуш ла.
Айалора, гонах хьожий:
Юй-те тебаш борз я ча?

ЭхI, ма хаза дара цигахь:
Бецан лаьмнаш, цIена хIо!
Вуха гIур ву, дадас вигахь,
Нанас алахь сайга – гIо.

Стела1ад №3. 2020

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.