ТIаьххьара горгали бийки,
Ишколан Iа дика йойтуш.
Дахаро тIома кIел ийци,
Дан деза шен некъаш гойтуш.
ХIинца-м вай даккхий ма хили,
ДIадевли бераллин шераш.
Генна букъ тIехьа ма йиси
Ишколан и мерза хенаш.
̶ Хьехархой, шуьга ду ала,
Тахана-м дерриш тхо кхийти:
Iамош тхо хилла аш даха!
Тхо-м цунах ца кхеташ лийли…
Вуон леларш лай аш тхан хийла,
Дош аьлла хир ду дог дохош,
ТIаккха а, шайн дог мел Iийжарх,
Ларйи аш марзо, ца йохош.
ХIорамма лаамца шена
Хоржур бу некъ ваха гена,
Амма хир дац юххехь хьеха,
Хьехархой, шу, дукхадахарш!
Делахь а, дехар ду кхана,
Шун хьехамашна тIетийжаш.
Баркалла, шолгIа да-нана,
Дехар ду, шуна сахьийзаш!
Стела1ад №2. 2020
Оставить комментарий