ГАУ «Издательский дом»

Хьомсара доттагIий! ХIокху рубрикехь оха шуна бовзуьйту вайн махко дозалла дан хьакъболу нах.


Царах цхьаъ ву физикин-математикин Iилманийн доктор Умархаджиев Мусан Салавди.

Вайна ма-хаъара, уггар хала а, коьрта а лоруш Iилма ду математика. «Массо а Iилманийн эла ю математика», – аьлла цунах хьекъалчаша. Жимчохь дуьйна математикица уьйр ерг тидам болуш, хIуманан хьесап дан хууш, муьлххачу а хIуманна тIаьхьакхиа хьекъал, ойла а ира йолуш кхуьу. Математико кхечу Iилманашна а тIекхиаво. ЦIеяхханчу Iилманчо М.Ломоносовс аьлла: «Математика Iамо хьакъ ю, цо хьан ойла низамехь а латтош, нийса хьесап дойту дела».
Салавдис жимчохь дуьйна вара математикица гергарло долуш. Цуьнан да Умархаджиев Муса экономист вара. Церан цIахь яра дагарден машен Арифмометр. ХIинцалера калькулятор ю иза. Салавдис, хазахеташ, тидам бора, дас цу тIехь дагардеш а, терахьашца хьесапаш деш а. Дех арифмометр мукъаяьлча, жимачу Салавдис «болх» бора цу тIехь. Иштта тасаделира цуьнан терахьашца гергарло.

Шеко а йоцуш, Салавдин цIийца ду математика къобалъяр, и хала Iилма толлуш дахаран некъ харжар а. Салавдин денда Нуралиев Iумар-Хьаьжа а хилла пIелгаш тIехь сиха дагардеш. Шен долахь пхьалгIа а йолуш, куьйгана говза стаг хилла иза. Математика хууш хилча, массо а хIуманна говза а, хьесап далуш а, ойлаеш хир ву. Салавдин да Муса а, цуьнан ваша Iийса а нохчех дуьххьара Ростовехь финансово-экономикин институт чекхъяьккхина хилла. ХIетахь, нохчийн къам дохийначуьра цIа дирзинчу хенахь, нохчех кIезиг бара лаккхара дешар дешнарш. Хала дара деша дIатасавала. ХIинца санна, еша, эца киншкаш а ца карайора. Салавдин дас шен берийн тидам дешарна тIе бохуьйтура, Iилмане марзо кхуллура. Эца а, каро а хала делахь а, шен берашна киншкаш, энциклопедеш оьцура цо. Махках ваьккхина, кхойтта шарахь хало хьегначу Салавдин дена хаьара дешарца бен шен берийн а, халкъан а кхане йоцийла. Цундела цо шен доьзалехь дешаре шовкъ-безам кхиабора.


Хьалхара сентябрь тIе а кхачале схьаоьцура Салавдис ишколера дешарна лерина киншкаш. Цунна чIогIа хазахетара церан агIонаш луьстуш. Керлачу хаарийн йийсаре а воьдий, уьш ерриш а йоьшура цо, ишколера дешар дIа а доладалале. Математикин Iамат тIера ерриг задачаш а, примераш а йина волура. Хьехархошна гора Салавдин шатайпа хьуьнарш.
Математикин хьехархочо «Квант» журнале язвала веза а аьлла, оцу журнале язвелира Салавди. ХIор а дийнахь ларйора кIанта почтальон, оцу журнале сатуьйсуш. Цу тIера тIедахкарш ишколан программехь дацара. Царах цхьадерш хала дара. Дукха къахьега дезара, нийса жоп лоьхуш. Амма кIант юха ца волура. Ша муьлхха гIуллакх деш велахь а, жоп доцуш йисна задачаш коьртехь хьийзара. Наггахь сахиллалц Iара нийса жоп лоьхуш.


Цкъа буьйсанна, дIавижа чувахча, наб ца кхетара Салавдина, коьртехь нийса жоп ца карийна хаттарш хьийзаш. ЦIаьххьана коьрте деара и хаттар нийса муха даста деза. И дIаяздан схьаэцна тетрадь, терахьашца къарздина, чекхдаьллера. Дицдалале дIаязбан безара хаттар дастаран некъ. Шен коьртехь хьийзаш долу терахьаш бен, кхин ойла йоцуш волчу Салавдис сихха пена тIехь охьаяздира хьесапан кхочушдар. Жоп нийса а карийна, набкхийтира кIантана. Iуьйранна нанна гира Салавдис къарзбина пен, амма дов ца дира. Цунна гуш дара ша динчунна тIаьхьакхиъна кIант воьхна хилар. Нанас къобалйира кIентан амал: долийнарг, мел хала делахь а, чекхдаккха лаам хилар.

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.