ГАУ «Издательский дом»

ГАЙСУЛТАНОВ Iумар. Дашо бIараш

Къена эла хилла цхьана юьртахь вехаш. ЧIогIа бале ваьлла хилла иза массарна а. ТIехь йоцу ясакх йоккхуш, нуьцкъалла белхаш бойтуш, юьртара бахархой хьийзош хилла цо. Ша емалвен хабар дуьйцуш цхьаъ нисвелча, шодмаш а йоьттуьйтий, вуьйш хилла. Иштта вийна цо Седа цIе йолчу жимачу йоьIан да а. ТIаккха, омра а дина, шен шина ялхочуьнга дIакхоссийтина Седа а, хьуьнха а йигийтина.


Хьуьнна юккъехула йоьлхуш йогIучу Седина шега кхойкхуш хезна:
– ХIей йоI! ХIей йоI! Хьо хIунда йоьлху?
ДIахьаьжна Седа – цхьа а ца гина. Диттаца хьалахьаьжча, Тарсалх бIаьрг кхетта.
– Хьо ю соьга кхойкхург? – хаьттина Седас.
– Ю-те.
ДIабийцина йоIа шегара бала.


– Хьуо реза елахь, соьца Iе. Хари чохь бен а бу сан, даа шортта бIараш а ду.
Хаза дехар ду вайшиъ.
Седа реза хилла.
Цхьана дийнахь декъа дечиг лахьо веъна юьртара цхьа миска стаг. Цхьа мор дечиг лахьийна, муьшца дIа а дихкина, хьалаайба воьлла, ницкъ ца кхаьчна, висина. ТIаккха, циггахь охьа а хиъна, вилхина иза.
Тарсало аьлла:
– Ма гIора хир дара цуьнан, цо дашо цхьа бIара диъча.


– Хьан дуй бIараш? – хаьттина Седас. – Лохьа!
БIара делла Тарсала мискачу стагана.
– ЭхI, баркалла шуна, – аьлла мискачу стага, – хIара бIара ас элана лур ду, кхунна дуьхьал цо суна сахь ахьар лур ду, – тховса ас сайн доьзал а бузор бу.
– Ма делахь иза. БIара хьуна делла ду, ахь айхьа даа деза иза. Дохковер вац хьо.
Тарсало бохучуьнга ла а доьгIна, доха а дина, диъна мискачу стага бIара. Оцу сохьта шен дегIехь Iаламат боккха ницкъ хаабелла цунна. ЧIешалгал башха ца хеташ, хьалаайбина цо дечиган мор.


– ХIара цIа бахьар-м хIинца хIумма а доцург ду!
– Цундела вай хьуна шортта дечиг гулдийр ду, – аьлла кхуьнан накъосташа.
Кхааммо а катоьххана дечиг гулдина. Дика йоьттина ворда санна, шортта дечиг ги а доьттина, цIа вахана миска стаг.
Оццу дийнахь дIахезна элана мискачу стагаца хьуьнхахь хилла и Iаламат. Шен ши ялхо хьажийна цо хьуьнха, Седий, Тарсаллий, лахий, схьадаладе аьлла.
Хьун толлуш лелла, кIад а велла, охьахиъна ши ялхо. Геннара схьахезна цу шинна Седас лоькху йиш.


ТIаьхь-тIаьхьа схьа гергайогIуш хилла иза. Ши ялхо дIалечкъина. Кхушинна уллерчу дитта тIе кхаьчча, сецна Седий, Тарсаллий. Гаьннашца дIахьулйина хьех схьа а йиллина, цу чу даьлла и шиъ.
Вовшех дага а ваьлла, буьйса йоллалц лечкъина Iийна ши ялхо, тIаккха орамца буха а даьккхина, юьрта дIадаьхьна цу шиммо дитт, чохь дижина Седий, Тарсаллий долуш. Элан кертахь дIадоьгIна дитт.
Iуьйранна диттана гонаха хьаьвзина воккхавен эла.
Омра дина цо ялхошка:
– Схьадаккха хари чуьра и ши шайтIа!
Омра кхочушдина ялхоша – схьадаьккхина Седий, Тарсаллий. Ша дагалаьцнарг кхочушхилийта, кIеда-мерза хила гIерташ, эло аьлла: – Аш суна дашо бIараш лахь, ас шуьшиъ маьрша дIадохуьйтур ду.


– Ма лолахь! Ма лолахь! – сихъелла Седа.
– Ца лахь, шиннан а кортош дохур ду! – кхерам тесна эло.
Схьадаьккхина Тарсало багара цхьа бIара. Катоьхна схьаэцна эло иза. Сихха каг а дина, диъна цо. Оцу соьхта, гомашан санна, яккхий маIаш евлла цунна.
– ДIаяха хIорш! – кхеравелла, мохь хьаькхна эло.
– Хьуна хьакъ йолуш кхин хIума яц кху дуьненахь! – аьлла Тарсало.
– Ца оьшу суна! Ца оьшу суна! ДIаяха! – мохь хьоькхуш хилла эло, маьIех ка а етташ.
ТIаккха кхин бIара делла цунна Тарсало. Сихвелла, чкъоьргаш а тIехь дIакхаьллина эло иза а. Оцу сохьта жима дахка хилла цунах. Учара схьахьаьддачу цициго, тIекхетта, дIакхаьллина иза.
Ялхой, кхерабелла, бевдда байна.


Оццу хенахь веъна керта иккхина тохара Тарсало бIара делла миска стаг.
– Мичахь ву и къиза эла? Ас хьийзадойтур дац шу, – аьлла, тохавелла иза.
Цицигна тIе пIелг хьажийна Седас.
– Оцо дIакхаьлли. Вац эла.
– Цкъа а ма хуьлда иза!
Цул тIаьхьа вовшахкъаьстина уьш. Седас дехарх, ца Iийна Тарсал юьртахь, ша хьун езаш хиларна, цига дIаяхана иза. Ткъа Седа юьртахь сецна, мискачу стага, шен йоI йина, дIайигина иза.
Амма барт-м бина Седассий, Тарсалой, гIо эшна меттиг хилахь, вовшашна орцахъяла.

Стела1ад №2. 2020

948 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.