Дагардарш
Хууш ма-хиллара, кхечу къаьмнийн берийн санна, нохчийн берийн а хилла тайп-тайпана самукъане ловзарш. Царах цхьаъ ду «Лечкъаргех ловзар». Хьалха, бераша шаьш лечкъаргех ловзуш, олуш тайп-тайпана аларш дара. Цу аларшкахь долчу цхьадолчу дешнийн маьIнаш ца довзахь а, уьш тахана а мехала ду вайна.
Нохчийн маттахь цхьа дош, цхьа алам, дешнийн цхьаьнакхетар бен вайна ца довзахь а, мехала ду. Мехала ду, цара нохчийн къоман ширалла, Iер-дахар довзуьйту дела. Ткъа нохчийн берийн ловзаршца («Лечкъаргех ловзар») доьзна олуш хилларг довзар шозза мехала ду.
Нохчийчохь кIезиг бац, шайн дахар нохчийн маттах а доьзна, дуккха а шерашкахь къахьоьгу нах: хьехархой, йаздархой, Iилманчаш, журналисташ. Нохчийн мотт безачийн тобанаш йу Нохчийчохь. Царах цхьаъ йу «Нохчийн мотт – сан синмарзо» тоба. Ши бIе сов адам ду оцу тобанехь.
……………………………
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№3.2024)