ГАУ «Издательский дом»

Ахмадов Муса. Бабин ЧIирдиггий, Маьлха-Аьзний малх болчу дахар

Малх чубуза лахбаллалц, Батта тӀехь Ӏийра Маьлха-Аьзний, Бабин ЧӀирдиггий, шаьшшимма дийначу зезагашна йуккъе a хиъна. Зезагаш хӀор а сохьтехь даккхий хуьлуш дара. Эххар а уьш, дитташ санна, лакха а девлла, дӀахӀиттира.
ЧӀирдиггий, Маьлха-Аьзний, шаьшшиъ царна йуккъехь тиладаларна кхера а делла, Баттана йистехьа дӀадоладелира. Амма эццахь чӀогӀа мох белира.


– Схьайола кхуза, ор чу дӀалечкъа вайша, мох дӀасаццалц, – мохь туьйхира ЧӀирдига, цхьана жимчу ор йисте дӀа а хӀоьттина, шена тӀаьхьахьаьдда йогӀучу Маьлха-Аьзнига.
Ор чохь дӀатебна Ӏийра и шиъ, мох дӀасаццалц.


ТӀаккха, цу чуьра хьала а даьлла, дIасхьахьаьжча, цу шинна цхьа а зезаг ца гира.
Йукъ-йукъахь Ӏохкуш зезагийн патарш гора Батта тӀехь. Цец а даьлла, дӀасхьахьоьжучу цу шинна хьалха а йеана, дӀахӀоьттира йexха кӀозарш йолу цхьа сирла-сийна хӀума.


– Со Мох бу, – элира цо. – Ас паналлехула дӀадаржийра аш дийна зезагаш.
Лаьтта тӀехь санна, дагадеънарг лело ма ца мега кхузахь.


– Кхин дийр дац охашимма иза, – элира Маьлха-Аьзнис, бӀаьргаш охьа а хьовсош.
Мох, тӀома а баьлла, дӀабахара. ТӀаккха ЧӀирдиг а эцна, Маьлхан тӀаьххьарчу зӀаьнара тӀехула шен цӀа йахара Маьлха-Аьзни………………………………………

ТIаьхье йеша “Стела1ад” журналехь (№3.2024)

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Ost
  • Ost 1
  • Sun
  • Mega
  • Flash
  • Shorba
  • Automna 2026 +
  • Automne 2026
  • Som 5

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.