ХIор а стеган бу Даймохк – мохк, иза вина, цунна цхьа шатайпа хаза а, йуххера а, хьоме хеташ. Хьоме латта! Хьоме мохк! Хьоме эвла! Мел доккха маьIна а, чулацам а бу оцу доццачу дешнашкахь! Нохчийчоьнан жимдинчу гайтаман Лаьттан шерачу тIехулехь, къилба-малхбалехь, лаьмнашкахь, Бена чуйогIучу шийтта эвлех уггар а йоккха а, шена чохь бехаш дукха бахархой болуш а йу Бенойн-Ведана – эвла (пхьа).
Иза Iуьллу Бенойн Яьссин аьрру агIор, нийса а, веда а йолчу меттехь. Цигахь бехарш беной хиларна, Iаламан ишттачу меттехь эвла йолу дела, цунна Бенойн Ведана цIе тиллина. БIеннаш шерашкахь, йуьрта тIе богIуш дика, шера некъ боцуш, баьхна кхузара бахархой. Ткъа тахана аренгара тхо долчу вогIург, хьийзаш, аьрцнашкахь чIугйеттачу силаман некъахула, дерриг Iалам, цуьнан хазалла синкIоме а долуш, цунах воккхавеш, вогIу.
Уггар а хьалха схьагучуйериг Пхьаьча йу. Цунах тIехваьлла, аьрру агIор чувахча, Стерчийн керташка (Стерч-Керч) йу. Цул тIаьхьа, малхбалехьа, Ямсу-хин аьтту агIор БулгIат-ирзу йу. Аьрру агIор, дукъа тIехь, – Оьла-мохк йу. Цунах хоттайелла, цунна малхбузехьа йу Денча-юрт, Коьртачу Бена вогIуш, (ЭвлатIе олу оха). Цигахахула чекхволуш, Бенойн Яьссина аьтту агIор долчу шина дукъахь лаьтта Iожий-юрт, Оьсий-юрт.
Гуьржийн махка чу кхачале, некъахь, аьрру агIор, когашкахь (Бена-эвлана) го Чилла кIожа. Цул тIаьхьа, аьтту агIор, Коьран Бена боьду некъ буьтий, Бенойн- Ведана кхочу. Эвлара дIахьаьжча, гуш йу Ашане ломан хьун йолчу агIох Ломан-арц (Лоьм-КIорц) – иза Бена чуйогIучу йартех шийтталгIа йу, Бенойн Яьссина аьрру агIор басахь. Бена тIера дIасхьахьаьжча, йуккъехь гуш ду Дуьйра ломара Веданан кIоштара лаьмнашка кхаччалц долу нохчмахкахойн лаьмнаш: йукъ-кара дахкаро дIалецна го церан баххьаш, ткъа лахахь бежанийн дежийлаш, кхин а охьаваьлча, пепнийн, пхенийн а йуькъа, йаккхий хьаннаш.
Лаьмнаш, Iаннаш, хьаннаш, хиш, хIаваъ – дерриг а хаза, цIена а ду Бенахь, Бенойн-Веданахь – Ножай-Юьртан кIоштахь уггаре а хазачохь эвла.
Бенойн-Ведана дуьххьара веанарг цец а воккхуш ду бенойн хаза Iалам: бохь лекха, йукъ-кара дахкаро дIалецна лаьмнаш, пепнийн, пхенийн хьаннаш, эзарнаш шерашкахь хийла тхан дайн лерса хьистина, къарцалуш, шен чехкачу боларца, кхача ца деш, шена чохь кIайн тIулгаш гуш догIу Бенойн Яьсси.
Цуо шен масаллица дIахьо адамийн иэсе ца догIу лаьмнийн, Iаннийн, хьаннийн, хьостанийн къайленийн догIа. Кхузахь винарг, бенойн мохк, цуьнан Iалам дезаш, кхиънарг, ламанан цIена хIаваъ чууьйзуш, Iуьйренаш, суьйренаш, шераш дIадаьхьнарг кхунах дIа ца хеда. Йекхначу Iуьйранна, сатасале, хьо араваьлча, лаьмнаш гой хьожу хьо. Цул тIаьхьа хьан лерсинна малхбалехьара схьахеза чехка догIучу Бенойн Яьссин гIовгIа.
Дайшкара схьайеана билгало йу: схьахезаш тата делахь, йокхане де хирг хиларан билгало йу. ХIунда аьлча, къилбехьара охьахьокхуш хуьлу мох. Нагахь къилбаседехьара хьала Яьссин гIара хазахь – йочана хирг хиларан билгало йу. Тхо доьлла, тхан амалх дIаийна кхузара Iалам.
Бенойн-Ведана… Дагна уггар а хьоме, синна гергара, шех дIахада йиш йоцу эвла!……………………………………….
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№3.2024)