ГАУ «Издательский дом»

ЖIаьлина карийна доттагI

Башкирийн туьйра

Хьалха-хьалха, цхьана генарчу-генарчу заманчохь, цхьа жIаьла хилла хьуьнхахь Iаш. Ша цхьаъ хилла иза, цхьа а воцуш, йа гергара а, йа доттагI а. ЧIогIа сингаттаме дIаоьхуш хилла цуьнан денош. КIордийна цунна иштта Iен. Дуккха ойланаш йиначул тIаьхьа, дагадеана жIаьлина шена доттагI лаха. Тешаме, дика доттагI, цхьанна а хIуманах кхера а ца кхоьруш.
Хьуьнхарчу готтачу некъахула схьадогIучу цунна пхьагал дуьхьалкхетта.
– Пхьагал, – аьлла цуьнга жIаьло, – ши доттагI хилий вайша? Цхьаьна дехар а ду вайша, вовшийн лар а дийр ду.

oznorCO


– Дика ду, – резахилла пхьагал.
Суьйранна доккхачу дитта бухахь меттиг а лехна, дIадижна ши доттагI.
Кхеран наб чIагIйеллачу хенахь, Iуьргара арабаьлла дахка хилла ижу лаха бедда боьдуш. И хаабелла жIаьла, хьала а иккхина, «гIалх-гIалх» деш, лета доладелла. Кхерайелла, хьалаиккхина пхьагал, лергаш а, когаш а дегош.
– Хьо хIунда лета? ХIунда йаьккхи ахь оццул гIовгIа? Барзана дIахазахь, цуо, схьа а йеана, вай дуур дуй, ца хаьа хьуна? – элира цуо жIаьлига.
«Ледара доттагI йу хьо а, пхьагал, – ша-шега элира жIаьло. – Барзах а кхоьруш. Ткъа борз-м кхоьрур йац цхьаннах а».


Iуьйранна, пхьагалан Iодика а йина, борз лаха дахара жIаьла. Цхьана кIоргачу боьрахь, йижина Iуьллуш, карийра цунна иза.
– Борз, – элира жIаьло, –ши доттагI хилий вайша? Цхьаьна бертахь Iийр ду вай.
– Дика ду, – жоп делира барзо. – Цхьаьна самукъане а хир ду.
Сарралц цхьаьна хан а йаьккхина, буьйсанна, гIелделла, дIадижира и шиъ. Кхано, цхьа хан йаьлча, шен Iомачуьра арайаьлла пхьид йара, когаш тIехь кхисса а луш, дIайоьдуш. ЖIаьлина хаайелира иза. Хьалаиккхина, цхьа гIовгIа йаьккхира цо, «гIалх-гIалх-гIалх» аьлла, лета а доладелла. Кхерайелла самайаьллачу барзо мохь хьакха безий хьуна шен доттагIчунна тIе:
– Ахь хIун до?! Ахь хIунда йаьккхина хIара йоккха гIовгIа?! Йерриге а хьун Iадор ма йу ахь-м! Чена дIахазахь, цуо схьа а йеана, вайшиъ цоьстур ма ду!

«Борз а йу-кха кхоьруш, – гIийла ойла йира тIаккха жIаьло. – Ченца доттагIалла тесча, бакъахьа ду ас».
Iуьйранна берзан Iодика а йина, хьуьнхарчу тачанашкахула ченан лараш лаха дахара иза.
Шен тоьлан бертехь мазах дуьзначу тIодах мотт хьоькхуш, дIатевжина Iаш карийра ча-турпал.
– Ча, – элира цуьнга жIаьло. – ДоттагIалла тасий вайшимма? Цхьаьна, бертахь а долуш, самукъане хир ма ду вайшинна.
– Мегар ду, – элира цуьнга чено, йоккха бага а гIаттош. – Хир вайшиъ ши доттагI. Дало, сан тоьли чохь хьошалла дийр ду ас хьуна.
ТIекхечира Iаьржа буьйса. Ши доттагI дIадижира. Лерг семачу жIаьлина хезира ченан тоьлина уллехула йоьдучу текхарган гIовгIа. Хьалаиккхи тIаккха жIаьла, дIа гIовгIа йаьккхи цо, текхарг хьовх, йоккха турпал-ча а кхерош.


ДIа дов дан йолайелин хьуна тIаккха доттагIчунна ча:
– Саца! Саца! Ма йе гIовгIа! Дижинчуьра адам самадоккхур ду ахь. И тIекхачахь, вайшиннан цIока схьа ца йоккхуш, гIур дац кхузара дIа.
«Вай-хIай, – ойла йо жIаьло. – ХIара хIун ду дан а! ХIара ча а ма хилла цхьа кIилло».
Шен мазах дуьзна тIод цIубдеччохь ча а йитина, шен са ма-дду дедда, хьуьна йуккъера араделира жIаьла. ДIо-о-о, йехачу аренца лаьттачу докъаран литтанашна тIехьа дара адаман цIа. Цига дедира жIаьла, кхин йуха а ца хьожуш.


– Адам, – элира цо цуьнга, – ши доттагI хилийтахьа вайшиъ! Цхьаьна, бертахь, дика дехар дар-кха вай!
Адам резахилира. Цуо коьртах куьг а хьаькхна, йаахIума а йелла, шен цIенна уллехь йовха бун йира жIаьлина. Буьйсанна, цIа лардеш, лета жIаьла, делахь а доттагIчо цунна цкъа а дов ца до. Цуо баркалла олу жIаьлина, сих-сиха коьртах куьг а хьокхуш. Цул тIаьхьа цхьаьна, бертахь дехаш ду адам а, жIаьла а, ши доттагI а хилла.
Гочдинарг – Магомаева Марем

Стела1ад №2. 2022

2 комментария

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.