ГАУ «Издательский дом»

ЗАКРИЕВ Iийса. Дов

БойсагIар цхьа хIума халахетта, шен денана йолчу чувахара. Баба шен куьзганашна тIехула дIахьаьжира БойсагIаре.
– ХIун хилла хьуна, Дога, хьо цхьа дог доьхна ма го суна? – йелайелла, хаьттира Бабас.
– Мамина со ца веза. Гуттар дов до цуо суна! – дегабааме, велха а ийзош, жоп делира кIанта.
– ХIинца хIун дина ахь?
– Цицигна йаахIума ло аьллера мамас, суна и дицделира, берашца ловза а вахана. Цициг бахьанехь суна дов дан деза тIаккха!?


– Мамас хьуна, цицигна йаахIума ца йелла аьлла, ца дина дов. Хьайга де аьлларг ахь ца дина аьлла, дина. Хьайна тIе диллина хIума кхочушдеш хила ма веза хьо. Ахь иза ца дина. Хьоьгара ледарло йаьлла. Хьоьгара кхин ишттаниг ца далийта, хьо дика кIант, дика адам хила лууш ма ду тхо.
– ТIаккха, мила ву со, адам дац со?! – дегабааме элира БойсагIара.


– Ду дера хьо-м адам, – йоьлу баба, делахь а, хьайна мел хала делахь а, диканиг схьаоьцуш, вониг тIе ца лоцуш, хьайна тIедиллинарг сихха кхочуш а деш хьо хилахь, хир ву-кх хьо хила ма-везза кIант, стаг, къонах а. Мамина хьо чIогIа дукхавеза хьуна. Хьуо ца веза ма мотталахь.
– Баба, хьуна веза-кх со массарал а чIогIа. Ахь цкъа а дов ца до суна, гуттар а хьоьсту. Суна хаза мел хетарг до ахь.

– Ээ, Дога, хьан нанна санна дукха хьо цхьанна а везар вац хьуна. Хьан ненан хьоьга болу безам йистйоцуш, барам боцуш, боккха бу хьуна. Шен дагна чов хуьллушехь до хьуна цуо хьуна дов, хьо дика хила лууш. Суна хала ду хьуна дов дан, со йоккха йу, цундела хьоьгара дика доцург даьлча, ас хьуна гечдо, иза хьуна пайдехь хир дацахь а. Кхетий хьо, Дога?
– Делахь, Баба, мамин дагна кхин лазам, чов а ца хуьлуьйтуш, сох дика кIант хир ву шуна. Ас дош ло хьуна.

Сурт диллинарг – Магомадова Фаина

5 171 комментарий