ГАУ «Издательский дом»

Вайн сирла кхане

Тхан хьоме доттагIий! Дешаран шо чекхдели. ТIекхечи сатийсина аьхке – садаIаран хан. ХIокху шарахь хIор дийнахь, Iилма Iамош, хаарех таьлсаш дузуш, къахьийги аш.

Ишколера дешарх тоам хилла ца Iаш, спортехь кхиамаш бохуш, дуьненан къаьмнийн меттанаш Iамош, масала, ингалс, Iарбийн мотт, Къоръан Iамош, беркате болх би аш.

Цунделла шух тоьлла дешархой хили. Оха дозалла до шух, тхан хьоме «СтелаIад» журналан доттагIий. Дала аьтто бойла шун! Дешаран ирхенаш йохуш, баккхийчу кхиамашка кхачадойла шу!

Стела1ад №2. 2024

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.