ГАУ «Издательский дом»

СЕЙЛМУХАНОВ Муса. Нохчийн мотт

Нохчийн мотт

«Бовш бу вайн нохчийн мотт!», –
орцанаш доху.
«ГIиллакхаш а дайделла!», –
кхечара боху.
Ткъа хьенан бехк бу и, ца хаьа вайна…
Бакъду, вайх цхьа а вац и дерриг тайна.

Нахера жоп доьху, – хеташ и атта:
Бехкениг мила ву, хьаьнга вай хатта?
…Дайша ца дешнера Iилманан йоза,
Амма шайн ненан мотт буьйцура говза.

Олу дош гIиллакхе, оьзда а дара.
Арахь,чохь и бийцар а – хастаме дара.
Хиларх а кортош вайн Iилманах дуьзна,
Маттах дIа херделла, рицкъанах дуо
буьзна.

Хьаналниг, хьарамниг ца лууш къасто…
Ишттаниг гена ву ненан мотт хасто.
Цецдийла оьший-те тIаьхьенах вешан –
Ца хилахь царах дай шайн меттан,
дешан?

Ненан мотт дIатесна, неханиг тайна,
Бийцарна, хийла къам лар йоцуш дайна.
Берехь мотт кхиабахь аганахь нанас,
Тешна ду, Нохчийчоь, йовр йац хьан
кхане.

Вайн меттан хазалла йийцина наха –
Цуьнца бен хилла дац къоман сий, дахар.
Дайшкара дайшка схьа, хьо къуьйсуш
цIийца,
Ларбинчийн сий деш, вай хьакъ бу
хьо бийца!

Шуьйрачу Ножа кIел хиъна

Дена – Мохьмадана

Шуьйрачу ножа кIел хиъна,
Дас йуьйцуш, дIайахна хенаш,
Жималлехь ладоьгIуш Iийна,
Дуьйцучун маьIнах ца кхеташ.
Ткъа цунна Сибаре гора,
Шерашкахь вай хьегна бала,
ДIавигнарг Iожалло шеца,
Ца ларош кхин ламаз эца.

Гора-кха гергарчийн йаххьаш,
Йелхийнарш бIаьрхиза ойла.
Уьш бара къоман йахь чIагIйеш,
Ларйинарш марзонан уьйраш.
Ден бIаьргаш дашийча иэсо,
Шаьш-шайха хьоьлхучу хишца,
Хершнаша йуьзначу йуьхь тIехь.
Хетара уьш малхал дашо.

Шуьйрачу ножа кIел хиъна,
Дас йуьйцуш дIайахна хенаш,
Жималлехь со хийла Iийна,
Дуьйцучун маьIнах ца кхеташ.
Да воцуш дIаоьху хенаш,
Дахаран шога дукъ даздеш.
Лаьар-кха вайн тIаьхье йаха,
Нохчийчоь гIиллакхца хазйеш.

Йуха а хьо къастий

Хьан амал ма чIогIа тайна
Цкъа хено цистинчу дагна:
Эзарнаш харцонаш лайна,
Хилла и безамах хьаьгна.

Iийна и ца долуш меттах,
Хьан бIаьргийн токхено
хьастталц.
Безаман цIеран суй кхетта,
Къастаран буто ша бастталц.

Ткъа хIинца-м и паргIат
даьлла:
Малх хьаьжна цхьа башха,
тайна.
ВогIу со, дохко а ваьлла,
Хьо йаккха къинтIера сайна.

ДогIур дац кхин шийла
денош:
Собаро вайн синош
хьаьсти…
Йина чов йерзийча хено,
Йуха а даго хьо къастий!

Ненан сурт

Малх а хьан бIаьргаш
чохь гIоттуш,
Дог ловзуш йар-кха цхьа хан:
Доьзална межаргаш доттуш,
Хуьлура хьо, нана, сан.

Исбаьхьчу Iаламан гуонах,
Нур хьерчош, малх дIабахà…
ХIинца а со ларвеш вуонах,
Хьан васт ду деш суна ха.

Доьзалан тойнехь ирс хьекъош,
Йу моьттуш хьо гуттар хир,
Лийлир-кха, къона хан текхош,
Безаме лоькхуьйтуш йир.

Со воьдуш ирс леха генахь,
Сан нана, хьо йуьтий цIахь,
Вацара хууш цу хенахь,
Мел чIогIа сагатдо ахь.

Къаналлин берде со тоттуш,
ДIадоьду заманан хи.
Доьзална мижаргаш доттуш,
Гур йац-кха, нана, хьо кхин…

………………………………………….

ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№3.2024)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.