ГАУ «Издательский дом»

“Орга” журнал – нохчийн литературин процессан куьзга”

НПХьУ-н филологин а,  историн а, бакъонан а институтехь литературин-исбаьхьаллин “Орга” журналан  редакторца Алиева Зариница цхьаьнакхетар дӏадаьхьира. “Орга” журнал – нохчийн литературин процессан куьзга” аьлла йолу и мероприяти нохчийн литература кхиаран, талларан, хьехаран хьелашна лерина йара.

Заринас студенташна дийцира, “Орга” журнал кхолладаларан, кхиаран исторех, цо литература а, литературин теори а кхиарехь дӏалоцучу меттигах. Институтан директора Мусханова Иситас шен къамелехь билгалдаьккхира нохчийн мотт, литература хьехарехь “Орга” а, “Стелаӏад” журналех ӏаламат пайдаоьцуш хилар, Хьехархойн университето хьалха дуьйна а оцу редакцешца гергарло лелош хилар а.

Цхьаьнакхетар дӏадирзинчул тӏаьхьа студенташ, Университетан ректора Байханов Исмаӏила дӏакхайкхинчу йаздаларан кампанин гурашкахь, “Орга”, “Вайнах” журналашка йазбелира. Цхьаьнакхетар мехала хилар гуш дара студенташа лучу хаттаршкахь. “Зорбатохаран ц1ийнан” не1арш йиллина нохчийн маттаца гергарло а долуш, иза кхио 1алашо мел йолчунна.

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.