ГАУ «Издательский дом»

Толстой Лев. Дешна кIант. Ши накъост

Дешна кIант

ГIалахь доьшуш волу кIант йуьрта шен цIа веъна хилла. Дас цуьнга аьлла:
– ХIинца мангал хьокху хан йу, кагтуха схьа а эций, вало, суна гIо дийр ду ахь. Ткъа болх бан ца луучу кIанта аьлла:
– Со Iилманаш Iамош вара, ткъа и ахархойн дешнаш дицделла суна, и хIун йу кагтуха?
Эццахь уьйтIахула волавеллачу цуьнан кагтуханна тIе ког а баьлла, цуьнан дага хье тIе кхетта кIантана. ТIаккха дагадеъна цунна, кагтуха хIун йу. Куьйгашца корта а лаьцна, цо мохь тоьхна:
– ХIара кагтуха когаш кIелхьара дIайаккха мегаш йацара техьа, – аьлла.

Ши накъост

Ши накъост хилла хьуьнахула вогIуш.ЦIаьххьана ча тIехьаьдда цу шинна. Цхьаъ дIаведда, дитта тIе а ваьлла, дIалечкъина, ткъа важа некъа тIехь висна. Дан хIума ца хилла – лаьтта охьа а воьжна, ша велла ву моттийтина цо.
Ча цунна тIе а йеъна, хьожа йаха хIоьттина: стага-м садеIар а сацийна.
Ча, хIокхуьнан йуьхьах хьожа йаьккхина йаьлча, хIара велла ву а моьттина, дIайахна.
Ча дIайахча, накъост, дитта тIера охьа а воьссина, вела хIоьттина.
– Дийцал, – аьлла цо, – хIун бохуш йара и ча хьан лерехь?
– Цо соьга, дера, бохура, кхерамехь накъостий а битина, бовдуш берш ледара нах бу, – жоп делла вукхо.

Стела1ад №1.2024

69 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.