ГАУ «Издательский дом»

Сирла седарчий. Вайн сирла кхане

Тхан хьоме дешархой, оха бовзуьйту шуна «СтелаIодан» доттагIий. Уьш бу Гумсан районан Гезлойн-эвларчу «Жайна» цIе йолчу берийн бешара. Берийн бешан цIе а йу церан хаза. «Жайна» – иза киншка бохург ду.

Берийн дуьххьарлера киншка и вайн журнал «СтелаIад» ду. Цара чIогIа пайдаоьцу цунах. Берийн бешахь хуьлучу даздаршкахь Iамайо байташ, хIиттадо туьйранаш, вовшашка хIетал-металш луш, дIахьо къовсамаш. Берийн бешара кхетош-кхиорхоша ма-аллара, шаьш дIахьочу беркатечу балха тIехь чIогIа доккха накъосталла хуьлу «СтелаIад» журналах.


Берийн беш шайн шолгIа цIа хета берашна. Царна гуш ду кхиорхоша деган йовхонца шаьш тIеэцар. Iуьйранна, йелайелла, царна дуьхьалйолу берийн бешан куьйгалхо Канаева Яха. Цуьнан корматаллех а, адамаллах боьзна бу берийн бешахь дIахьош болу болх.

Шаьш кхиошйерг вайн къоман кхане йуй а хууш, нохчийн гIиллакхехь, бусалба динехь кхиадо цара бераш. Марздо нохчийн гIиллакхаш, бусалба стагана хаа мел дезарг Iамадо жимчохь дуьйна. Дела реза хуьлда «Жайна» берийн бешан куьйгалхочунна Канаева Яхина а, берашца къахьоьгучу кхетош-кхиорхошна а.

Стела1ад №3.2024

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.