ГАУ «Издательский дом»

Мусаев Сулиман. Генара шераш

Повесть

– Вайн классе куначонок а ма веана! – цецваьлла сурт хIоттош (кхечара шен и хаам тIе муха лоцу-те бохуш санна), дIасахьожу неIарна йуххерчу могIарера шолгIачу парти тIехь Iаш волу хьаьрса, йуьхь тIехь луьста тIедарчий долу кIант. Моьттур ду, со цхьана генарчу сайрат тIера воьссина кхарна йуккъе.
– Ма йе гIовгIанаш! – журнал стол тIе охьа а дуьллий, аз ойъу хьехархочо. – Муслим, хьалагIаттал!


Со хьалагIотту. ПхоьалгIачу классе хьалавалале масех ишкол хийцина ас – Олхазар-КIотарахь а, ГIой-Йистехь а. Цхьана эхашарахь ГIалмакхойчуьра Нарын-Худук йуьртара интернатехь а дешна. ХIинца Обарг-Йуьрта кхаьчна.
– ХIара Межиев Муслим ву, – со берашна вовзуьйту хьехархочо. – Шуьца цхьаьна доьшур ду кхуо. Охьахаа! – олу соьга. – ХIинца шайн титрадаш схьаделла массара а. Дешаран шо долош, «Машаран дарс» дIахьур ду вай.


Класс йоккха йу. Цхьана классехь оццул дукха бераш суна гина а дац цхьанхьа а – ткъе берхIитта дешархо ву тхан. Нохчо – со цхьаъ. Нохчийн бераш-м кху йерриге а ишколехь а дац, сой, сан йижарий бен. Хьалхарчуй, кхоалгIачуй классашкахь йиший, ваший-м ду, амма и шиъ баттахь шозза-кхуззий бен гучудолуш а дац ишколехь.


И дерриг а суна тIаьхьо хиира, ткъа хIинца и «куначонок» бохург хIун ду-те бохуш, ойла йеш, переменехь йа ишколера цIахецча цхьанхьа йуьстах ваьккхина и хьаьрса кIант жимма «ласто» веза-кх ас бохуш, Iа со, наггахь сайн йуххерчу гIант тIехь Iаш йолу, баьццара ши бIарг, кIайн месаш йолу йоI тергал а йеш. Со шега хьоьжуш а гой, корта охьабохуьйтий, цхьаъ йаздан йолало йоI.

Дукха хан йалале, цхьа кехат тотту цо суна хьалха. Горгачу коьрта тIехь ирхбахна масех чо а болуш, даккхий лергаш, боккхуо горга ши бIарг болуш стаг ву виллина, кегийчу бераша диллинчу суьртах терра. «ХIара хьо ву!» – ду бухахь йаздина. «ХIара-м ловза дагахь ма йу!» – олий, дагадогIий, йоьIан гIантана тIехьахула куьг дохуьйтий, йайн месаш озайо ас цуьнан.


– Ой! – олий, ларамза мохь оьккхий, йуха йерриге а йуьхь цIийлой, ши бIарг титрад тIе бугIу цо.
Цхьадолу бераш делало, вуьш, ца кхеташ, цецдовллий схьахьовсу.
Шозза-кхузза байн стол тIе къолам а тухий, бехк баккхарца соьга хьожу шен къамелана йукъахйаьлла хьехархо, амма дош а ца олу…………………………………..

ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№3.2024)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.