ГАУ «Издательский дом»

Чантиев Iабдул-Хьамид. Кхо ваша

Вехаш хилла кхо ваша. Къанйелла нана а хилла церан. Воккхахволчу вашас аьлла:
– Сайн ирс лаха воьду со. Кху дуьнен тӀехь миччахь делахь а, и ца карийча, Ӏийр а вац со.
Шайн доьзалхойх цхьаннех а дага а ца волуш, шена дагадеанарг дича, нийса хир ду йа нийса хир дац хаттар а доцуш, шайн кертахь уггар дика хетачу говра тIе а хиъна, новкъаваьлла и.


Воьдуш, воьдуш, цхьана генарчу махка кхаьчна и. Ша воьддушехь йухахьаьжначу кхунна геннахь къегаш цхьа гӀала гина. ХӀуъа делахь а, цу гӀалахь дерг ца хиъча Ӏийр ма вац ша, аьлла, дагахь чӀагӀо а йина, цигахьа йерзийна кӀанта шен говр. Цу гӀали чохь дехаш хилла ницкъ болу йешап. Дийнахь а, буса а гӀала ларйеш лаьтташ гIарол а хилла. ГӀаролан гӀала йолчухьа вогӀучу беречух бӀаьрг кхетта, цу сохьта цунах лаьцна йешапе хаам а бина цара. Йешапо гӀаролана тӀедиллина, говран беречо мел лелориг тергалде, цунах лаьцна кест-кеста шега хаам бе аьлла………………………

ТIаьхье йеша “Стела1ад” журналехь (№3.2024)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.