ГАУ «Издательский дом»

Нохчийн халкъан йаздархочун, литературоведан Минкаилов Эльбрусан 70 шо кхачарна лерина дIайаьхьина конкурс

Нохчийн халкъан йаздархочун, литературоведан Минкаилов Эльбрусан 70 шо кхачарна лерина литературин-исбаьхьаллин “Орга” журнало д1акхайкхийначу “Ас ненан маттахь Даймохк боьшу” ц1е йолчу конкурсан жам1аш дира х1утосорг беттан 28-чу дийнахь Айдамиров Абузаран цlарахчу Нохчийн къоман библиотекехь.


Конкурсехь 1 меттиг йаьккхира Соьлжа-Г1алин №5 гимназин 10-чу классан дешархочо Элембаева Амирас.
2 меттиг Устрада-Г1алин №1 йуккъерчу ишколан 11-чу классан дешархочо Хасинова Мадинас йаьккхира.
3 меттиг Устрада-Г1алин №13 гимназин 9- чу классан дешархочо Хаидова 1айшас йаьккхира.
Церан хьехархошна доккха баркалла ала лаьа, дешархошна ненан мотт марзбеш, церан ойла кхиош, къахьегарна.

Къаьсттина Исакова Бирлантан болх билгалбаккха лаьа. Вайн республикехь д1акхайкхинчу конкурсашкахь дакъа ца лоцуш а, тоьлла меттигаш ца йохуш ца 1ан цуьнан дешархой. Даим хьалхарчарех хуьлу уьш. Гимназина йуьхьк1ам хилла ца 1аш, вайн республикина а дозалла ду иза. Дала мукълахь вайн мехкан тоьлла кегийрхой хиллад1ах1уттур бу уьшДала т1аьхье беркате йойла вайн кегийрхойн! Толамхошна совг1аташ луш, д1айирзира мероприяти.

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.