ГАУ «Издательский дом»

Сирла седарчий

Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан а министерство, пачхьалкхан бюджетан шатайпана дешаран учреждени «КВАНТ» цIе йолчу республикин йукъара, тIетоьхна дешаран комплексехь «Исбаьхьаллин дош» цIе йолуш берийн тоба йу. Цу йукъадогIуш ду республикин йеа а маьIIера 7 шерера 17 шере кхаччалц хенаш йолу бераш. Соьлжа-ГIалара, Шелан кIоштара, Невран кIоштара, Соьлжера, Шуьйтан кIоштара, Чечанара, Аьхкинчу-Борзера, Хаьмби-Ирзера, ткъа иштта кхин а шахьаршкара а, йарташкара а. Тайп-тайпанчу кIошташкара бераш комплексе деша даьхкина, бераша кхаа баттахь, аьхкенан каникилуш йолуш, садоIуш а тхан коплекс болх беш хиларна. Оцу кхаа баттахь кхузахь хуьлу тайп-тайпана хаарш Iамош «Берийн майда». Нохчийн хелхарш, суртдиллар, хIума тегар, йиш лакха Iамор ткъа иштта дуккха а берашна оьшуш йолу говзаллаш Iамайо кхузахь царна. Ткъа хIинца тхуна шуна довзийта лаьа тхайн исбаьхьаллин дешан говзанчийн хаарш, церан сатийсамаш а.


Невран кIоштарчу Лапаева Хедин I4 шо ду, 9-чу классе йаьлла кхушара. Жима йолуш дуьйна йиш лакхар дезаш йолу Хеда, «Жайна» ансамблахь йара шен 5 шо долуш дуьйна. Цул тIаьхьа Курчалойн кIоштан Культурин ЦIийнехь а, Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин Департаментан ЦIийнехь а говзалла карайерзийра йоIа. Хедас чIогIа хаза йоьшу ненан маттахь байташ. Вайн нохчийн дуккха а йаздархойн дахаран, кхоллараллин а некъаш, церан говзарш а йевза цунна. Хеда ша а йу байташ йазйеш.

Цуьнан масех байт йовзуьйтур оха шуна. Ткъа иштта Хедин лаам бу, ша ишколера дешна йаьлча, хьехархойн университете деша йаха, хьехархо болх бан а. Кхиамца хьуьжарехь деша а дешна, Сийлахь Къуръан доьшуш йу Хеда. Хедас дуккха а республикин а, йерригроссин а къийсамашкахь дакьалаьцна, хьалхара меттигаш а йаьхна. Тхо тешна ду, Хедин кхане ирсе хирг хиларх а, шех дозалладан хьакъйолу йоI цунах кхуьур хиларх а.

Зезаг санна, йу со хаза,
БIаьста долу хаза заза,
Дика йоI йу со сайн Бабин,
Дика мел дерг Бабас Iамий.

Дукхайеза Баба суна,
ГIулкхаш дийр ду аса цунна,
Йиш локхур ю сайн Бабина,
Хазахетар ду Дадина.

Седа санна, йу со сирла,
Бабас боху: «Ду и хIилла!»
Самукъане хуьлу Баба,
Со йезарх, ца туьгу Iаба.

Са ма гатде, Баба, суна,
Йоккха хир йу сихха хьуна,
Дика лелор йу ас Баба,
И йезарх, ца туьгуш Iаба.

Даймохк – сан исбаьхьа латта,
Со йогIу маршалла хатта,
Лууш йац, хьох йаьлла, йаха,
Хьан кхерчахь доцург дац дахар.

Дада, Дада, дика дада,
Дукхавеза суна хьо!
Хьол деза дац цхьа а хIума,
Дукха ваха тхуна хьо!

Стела1ад №2. 2022

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.