ГАУ «Издательский дом»

Пашаев Нурди. Къизалла

Ма йоьхна йеара Ӏуьйре,
Дорцаца шийла ло кхуьйсуш,
БIаьрхишца стигал тӀейоьлхуш,
Миска халкъ махкаха доккхуш.

ГӀаьттира цхьа Дажал махкахь,
Дехира цо халкъаш махках,
Дерриг а Ӏалам цецдоккхуш,
Дуьненна къизалла гойтуш.

И Зама лайна вайн дайша,
Дай боцуш дисначу байша.
Хеназа кхалхийна синош,
Шайна тӀехь доццушехь къинош.

Халкъана йинера гӀело.
ДогӀмашка хьерчара шело.
Хийла да дӀавоьлли, хьарчо
Ца карош хьакъ долу марчо.

Шайн баххьаш стиглане оьхьуш,
Мехкан дай Деле цIа боьхуш,
Ӏадийна лаьттина лаьмнаш,
Аьрцнашца тихкина хьаннаш.

Генарчу, хийрачу махкахь,
Ӏожалло кайетташ къайлах,
Даймахках къаьстина, байлахь
Лийлира халкъ кхойтта шарахь.

Йа Рабби, хӀай Везан Дела!
Къинхетам ахь тхоьха белахь.
Хастаме тхан Воккха Дела,
Доьху хьоь, тхуна гечделахь!

Орга №1, 2024

48 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.