ГАУ «Издательский дом»

Овхадова Яхийта. Муха, мичара “лоьцура-те” и “синан шовда”?

Гуттар а йой-те вай вешан лерсино схьалоьцучу дешнийн ойла? Схьахетарехь…Аса-м ца йинера хийлазза баккхийчу нахера хезначу: «Шега хIун догIур ду ца хууш дуьне ду хIара» бохучун; оьрсаша «Своя крыша над головой…» олучун а, «когаш кIел хи кхаччалц», аьлча а, ойла, Нохчийчу тIом кхаччалц. Мел нийса-ткъа!


Со-м тешар а, йа тешор а йацара, дуьнен чу йаьлчхьана суо йаьхначу ков-кертара, сайн йуьртара арайаьккхина, Гихчу-кIотара кхочур йу аьлча… Нехан боьхачу, йамартчу куьйгаша сайн чоьнаш кегор йу аьлча…
Хийла нана берах, йиша вешех, доттагI доттагIчух къастий-кх ахь, хийла да, хIусам йохийна, нахана несала хIоттий-кх ахь, тIом…


Хийла, хийла…
Шен дегIаца, шен дагца, шен бIаьргашца ца лайча, ца гича… ма-йарра йевзарг ца хиллера-кх хьан къаьхьалла. Кхин цкъа а, цхьанна а … кхайкхаза, бертаза нехан неIсагIехIоттаран чам.
Баккхаза биснарш, биснарш-м ткъа – пIелгаш тIехь багарбал бен…


Цхьацца дуьйцуш, Гихча хьахайелча: «Сан а бу цигахь дененахой», – олура ас. Воккх-воккхачу, тхайн хIусаме кест-кеста кхочучу, шина-кхааннан цIераш а йохура. Кхечеран ца хаьара. Хаа башха саготта а… ВогIуш-воьдуш дуьхьалкхеттачо кIотара хьошалгIа кхайкхича, дика-м ду и хатт кего ца безаш, олий, хетара…


Кеманаш Хьалха-МартантIехула хьийза дуьйладелча-м дагабаьхкира гергара нах. Ма ца хаьар-кх… Ца хууш хиллер-кх … хIун догIур ду. Сонта куралла йа кура сонталла (хIун башхалла…?) йоьжна (йожийна), Iана карзахбаьлла синан Iайг бадийна хIуттур йуй кIотархойн Мовлидан, Пиян ИбрагимовгIеран неIаре. Царах бIобоьлла…


БIобола-м мегарг а хиллера… Бола бIо буй хаийтира, йоккха машен йоьттина – къена зударий, цомгашнаш болуш – сай-бодий къастале (кеманаш «гIовттале»), тхо кевне хIиттича, суна хIетталц ганза йолчу, шен хене хьаьжча, «мамига хатта» йаххал бен ца хиллачу Энисас: «Ма дика ду, шу кхуза даьхкина. Шу кхуза ца даьхкинехь, тхуна халахетар дара», – аьлла, шеггара тхо тIеэцна йолчу.


Церан итт доьзалхочух ши-кхоъ бен гинайоцчу сан, цаьрца гергарло лелийна, царна тIейосса йуьхь ца хиллехь а, сайца болчарна хьалха йуьхькIайчу хIоьттина, дозаллех кийра буьзира. Цул тIаьхьа а: «Хьуна эхь хIунда хета? Хьо-м хьайн дешича волчохь йай», – баха долийча, гIиллакхах, оьздангаллах дуьззина дешичин бераш гучудийла дуьйладелча, дохкойийла йолайелира, айса Гихчу-кIотарара «хатташ кегийна» цахиларна.


Де (кхераман, сатийсаман) шарал дахлуш, буьйса (тешнабехкечу дошан гIаранах кхоьруш, йегайо буьйса) тIе йан а ма йагIахьара аьлла хеташ, сингаттаме зама йара оха Гихчохь йаьккхинарг. Хала дара йаккхийчу тоьпаша, кеманаша «йеттачу» Мартанан «узаршка» ладегIа, тIеман бала шайн дахарехь масийттазза Iаьвшинчу баккхийчеран кхоьлинчу бIаьра хьежа. Йуха ма гойтийла-кх Везачу Дала! Нагахь санна, ганза ца далахь, тхуна санна собарх (собарх!), доьналлах, къинхетамах, комаьршонах халонаша бохоза нах уллехь нисбойла, де доьхна (дохийна), мух1ажаран цIе бертаза тIеэцна, хIусамах мел ваьккхинчунна!
«Буц йаларх», диц ца ло-кх, дицлур а дац-кх (дицдан бакъо а йац-кха… адамаш вай делахь)…


Дицлур дац, генара кхоьссинчу «совгIато» тхешан цIенош дохийна аьлла, сой, Пияй цхьаьна йолуш баьккхина «кхаъ» сайна худуш, со лелаш, со йол-йолчу йуьйлуш, цуо сайн дог хьестар. Ма дицлур дац Пияс, куьзган тIе йаьккхича санна, сох чекххьоьжуш, оьшучохь нийсархо, оьшучохь хьехамча хуьлий, сайн синна там, тем лехар.


«Хьешаден гIуллакх динарг схьавала», – эр ду, боху, цигахь. И Мизан терза ма даздийр ду-кх, Дала мукълахь, деэшна, де а, буьйса а дохийна хьаьвзинчу соьга (тхьоьга – дуккханга!) цо лебинчу мерзачу матто, тхо бахьанехь доггах баьккхинчу когуо, комаьршаллица кховдийначу куьйго. Шена, шайна там ца лоьхуш, хаддаза хьешана лаьтташ, чекхйелира Пия, йуьхь тIехь дегазаллин, кIадйаларан лар ца гойтуш…


Хийла, хийла кхачанах вузийра, хийла дог хьаьстина, вахийтира цу халчу муьрехь…


«Оьздачу нахана тIевоьссича, шех цхьаъ тарлой вогIу», – олуш ду вайнехан. Шайн оьздангаллица цара ларар бахьана долуш, йуьрто а лерира тхо. Со шен берийн хеннара бен йоццушехь, суна а барч битина, неIаре гIертаро дог-бIаьрг бузура цунах а, и схьайаьллачу цIийнах а. Хьан, кхин кхуо данза дисна дика дац, аьлла, хеттачохь, кхин а, кхин а инзардохура цу Адаман адамалло. Мехкадаьттано серлабоккху дIабан гIерта чиркх санна, цуьнан синан серлоно декхадора макхделла дуьне.


Муха, мичара «лоьцура-те», муьлхачу «ломара», и «синан шовда», шен итт доьзалхочунна а, церан доьзалшна а, тхуна а кхаччал?!


«Цхьа дика доцуш вуон ца догIу хьуна», – олура Пияс, со гуттар холчахIоьттинчохь. Дика дан а деара – цу тIеман къахьано гуттаренна буьйзира тхуна йукъахь бакъйолчу марзонан маша. Цул доккханиг…


Кху могIанаша иштта а йерзаза йолу тIеман чевнаш «карзахйаьхнехь» а, шуна а дагабаьхкина хир бу аьлла, хета суна, шайн ПиягIар, карлайевлла хир йу шайн уьйр-марзонаш, шун кийрахь йуха а кхерстина хир йу баркаллин йовхо.
Вуьшта, вайн къоман амалца дегалла сайийларна делахь а, йа…, вовшашна олучу хазачу дашах лардала доьлла-кх вай… Деган дехаршна жоп ца луш, багахула алаза дуьту-кх вай…

Довха дош аьлла, цхьаъ хьаста дог дагIахь,
Сихлолахь, дIаала, кханенаш ца йохкуш,
ХIун хаьа – кхана и дагара далахь,
Йа висахь, тIевахна, и ала йиш йоцуш…

Хан-хене мел йуьйлу а, дуьне (хьан-хьайн дуьне, дерриге хьайн ду моьттуш, хьайна диллина, хьайн дуьхьа лаьтташ ду моьттуш, хьо цхьана муьрана Iехавелла) гаттоне мел лести а, жим-жимлуш, жимдала мел дуьйли а, везара-кх дикаллина гуора хIитта……………………………….

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.