Олило, ва болило, –
Нанас ага техкадо. –
Хьуна ма гуо цхьа а вуо,
Дала Iалашвойла хьо.
Олило, ва болило,
Арахь Iаьржа буьйса го.
Серло лачкъи буьйсано,
Хьомениг, ма кхерало.
Олило, ва болило,
Хьуна уллехь ма йу со.
Суна гIенах велало,
Хьан гIаннабарш ас ларйо.
Олило, ва болило,
Пису, генадала хьо.
Ахьа чIогIа гIовгIа йо,
Гакина йеш новкъарло.
Олило, ва болило,
Iехавойла набаро.
Кхана малх схьакхетар бу,
Хьо зIаьнарша хьостур ву.
Олило, ва болило,
Жима кIорни, нанна – гIо.
Даймохк ларбан, сихха хьо
Кхиий вала, турпалхо.
Стела1ад №3. 2024